bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 26
Numbers 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 27 →
1
Ун кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира:
2
«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе».
3
Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира:
4
«Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве». Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара:
5
Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух — палухахой,
6
Хьацраних — хьацранихой, Кармах — кармахой.
7
Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730).
8
Палун кӀант вара Элиаб.
9
Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь.
10
Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах.
11
Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.
12
ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах — яминхой, Якинах — якинхой.
13
Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах — шаулхой.
14
Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).
15
Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних — шунихой,
16
Озних — ознихой, Ӏерах — Ӏерихой,
17
Ародих — ародихой, Ариэлих — ариэлахой.
18
Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500).
19
Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера.
20
ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах — парасхой, Зерахьах — зерахьахой.
21
Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах — хьамалхой.
22
Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500).
23
Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех — пувахой,
24
Яшабах — яшабхой, Шимронах — шимронхой.
25
Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300).
26
Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах — элонхой, Яхьлаалах — яхьлаалхой.
27
Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500).
28
Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.
29
Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой.
30
ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах — хьелакхахой,
31
Асриалах — асриалхой, Шехемах — шехемхой,
32
ШамидаӀах — шамидаӀхой, Хьепарах — хьепархой.
33
Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.
34
Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700).
35
Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих — бахрихой, Тахьанах — тахьанхой.
36
Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой.
37
Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца.
38
Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих — ашбелихой, Ахьирамах — ахьирамхой,
39
Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах — хьупамхой.
40
БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах — наӀаманхой.
41
Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600).
42
Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара.
43
Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400).
44
Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих — ишвихой, БериӀах — бериӀхой.
45
БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх — малкиалхой.
46
Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь.
47
Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
48
Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних — гунихой,
49
Йицарх — йицархой, Шиламах — шиламхой.
50
Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400).
51
Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).
52
Везачу Эло Мусага элира:
53
«ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина.
54
Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта.
55
Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду.
56
Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».
57
Левихойн тӀаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГӀиршанах бевллера гӀиршанхой, КхахӀатах — кхахӀатхой, Мерарих — мерарихой.
58
Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахӀатан хилира кӀант Ӏамрам.
59
Ӏамраман зудчун цӀе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Ӏамраман а, Йохабадатан а ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. Иштта цхьа йоӀ а яра церан, цу шина кӀентан йиша йолу Марем.
60
АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
61
Ткъа Надаб а, АбихӀу а велира, хӀунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цӀергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагӀа.
62
Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хӀунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
63
Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ.
64
Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара.
65
Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36