bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 8
Numbers 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 9 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«АхӀаронна тӀе а дуьллуш, цуьнга иштта дӀаала: „Ахь ворхӀ къуьда стогар чу дӀахӀотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта“».
3
АхӀарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта АхӀарона къуьданаш дӀахӀиттийра.
4
Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тӀекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.
5
Везачу Эло Мусага элира:
6
«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цӀанбе.
7
Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу.
8
СтаргӀа а, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгӀа старгӀа къинан сагӀина схьаэца ахьа.
9
Левихой гуламан четарна хьалха дӀахӀиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дӀагулде цига.
10
Везачу Элана хьалха дӀахӀиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тӀе куьйгаш дахкийта.
11
Исраилхошна тӀера долу шатайпа сагӀа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхӀароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама.
12
Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгӀанийн кортош тӀе дахкийта. Царах цхьаъ — къинан сагӀа, шолгӀаниг — Везачу Элана лерина долу дагоран сагӀа даккха деза, левихойн къинош дӀадахархьама.
13
АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а хьалха левихой дӀа а хӀиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа уьш.
14
Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дӀакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама.
15
Цул тӀаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хӀунда аьлча уьш, цӀан а бина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина къобалбина бу.
16
Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хӀора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна.
17
Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хӀума: кӀентех а, бежанех а — Сан ду. ХӀунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кӀентех а, бежанех а, дерриг а хӀаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира.
18
ХӀинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэцна.
19
Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дӀадахийтархьама а. ТӀаккха бохам тӀебогӀур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича».
20
Мусас а, АхӀарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тӀе мел диллинарг.
21
Левихоша шайн догӀмаш а цӀандира, тӀера бедарш а йиттира. Цул тӀаьхьа АхӀарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагӀа санна хьала а айира, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цӀанбархьама.
22
Иза динчул тӀаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хӀиттира, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тӀедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара.
23
Везачу Эло Мусага элира:
24
«Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хӀора левихо Делан четарца доьзна долу гӀуллакх дан хӀотта веза.
25
Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гӀуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу.
26
Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гӀуллакх тӀехь шайн вежаршна гӀо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча — цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гӀуллакхе хьаьжжина».
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36