bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 23
Numbers 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 24 →
1
БалиӀама Балакхе элира: «Кхузахь сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечъяй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а балабе суна».
2
Балакха кхочушдира БалиӀама шега де аьлларг. Балакха а, БалиӀама а сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀе цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина доккхура.
3
БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара.
4
Цига Дела веара БалиӀамна хьалха. «Аса сагӀа доккху ворхӀ меттиг кечйина, — элира БалиӀама, — царна хӀоранна тӀехь цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина лерина багийна ас».
5
ТӀаккха Везачу Эло, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира.
6
БалиӀам юхавирзича, Балакх хӀинца а дийнаташ дагоран сагӀа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а.
7
Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ — аьлла.
8
Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна аса муха кхайкхор ду неӀалт? Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна аса муха буллур бу сардам?
9
Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ, лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга. И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду, кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.
10
Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ? Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара? Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а! Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»
11
Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»
12
БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»
13
Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна».
14
Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира.
15
БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш».
16
ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира.
17
БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?»
18
БалиӀама жоп делира: «Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга! ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!
19
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20
И халкъ декъалдар тӀедиллина суна. Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21
Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац, Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац. Церан Веза Дела цаьрца ву! Уьш баккхийберца кхойкхуш бу, Иза шайн Паччахь хиларна.
22
Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ, бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.
23
Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац, Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац. Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду, Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“
24
И халкъ стен лом санна дӀахӀутту, шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а, ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а лом санна хьалагӀотту иза».
25
Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де».
26
БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»
27
ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!»
28
Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам.
29
«СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», — элира БалиӀама.
30
Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36