bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 16
Numbers 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 17 →
1
Левин тӀаьхьенах волчу КхахӀатан кӀентан Ицхьаран кӀант Кхорахь а, Раабанан тӀаьхьенах волчу Элиабан кӀентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатӀан кӀант Ана а
2
Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бӀе шовзткъе итт цӀеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла.
3
Цара, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хӀунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?»
4
Шена и дӀахезча, Муса бертал охьавуьйжира.
5
ТӀаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тӀеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тӀеозор ву.
6
Амма хӀара гӀуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца.
7
Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цӀе а латаяй, хаза хьожа йогӀу сегӀаз цу чу дилла. ТӀаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!»
8
Кхорахье Мусас элира: «ЛадогӀа соьга, левихой!
9
Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дӀа а къастийна, Шена тӀеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гӀуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гӀуллакх дайтархьама а. Иза кӀезиг хета те шуна?
10
Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кӀентий болу хьан берриге вежарий а Шена тӀеозийна, ткъа хӀинца динан дайн дарже кхача гӀерташ ма ду шу!
11
Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхӀарон мила ву, аша цунна яппарш ян?»
12
Элиабан кӀентий Датанний, Абираммий шена тӀебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тӀе догӀур дац тхо!
13
Яьссачу арахь хӀаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кӀезиг хета те хьуна? Тхуна тӀехь олалла дан а лаьа хьуна?
14
Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бӀаьрса дайа воллу хьо? Ца догӀу тхо хьуна тӀе!»
15
Муса чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагӀина лерина дахьачу хӀумане дӀа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера».
16
Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дӀахӀитталаш. Хьо а, уьш а, АхӀарон а.
17
Аша хӀораммо а, богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаелаш — ши бӀе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхӀарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дӀахӀитто еза».
18
ХӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дӀахӀиттира уьш Мусаца а, АхӀаронца а цхьаьна.
19
Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дӀахӀиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира.
20
Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира:
21
«Шу оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар тохале Соьга уьш хӀаллакбайтархьама».
22
Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгӀазгӀур ву те?»
23
Везачу Эло Мусага элира:
24
«Халкъе дӀаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хӀусамашна гонах йолчу меттера дӀадовла“».
25
Муса, хьала а гӀаьттина, Датанна а, Абирамна а тӀевахара, цунна тӀаьххье исраилхойн къаной а бахара.
26
Халкъе Мусас элира: «ХӀокху зуламечу нехан четаршна юххера дӀа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хӀуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама».
27
Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дӀабевлира. Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кӀенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара.
28
Мусас элира: «ХӀинца хӀокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гӀуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а:
29
нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх.
30
Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хӀума дахь, нагахь лаьтто, бага дӀа а гӀаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хӀума дӀа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гӀахь, тӀаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла».
31
Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дӀасадекъаделира.
32
Лаьтто и нах, церан хӀусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хӀума а дӀаийцира.
33
Шайн долахь мел хиллачу хӀуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дӀахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хӀаллак а хилла, дӀабевлира уьш.
34
Царна гонах хилла болу исраилхой, хӀокхара маьхьарий хьаькхча, дӀабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дӀа ма кхоллийла!» — бохуш.
35
Везачу Элера цӀе йоьссира, цо дӀакхаьллира хаза хьожа йогӀучу сегӀазан сагӀа доккхуш волу ши бӀе шовзткъе итт стаг.
36
Везачу Эло Мусага элира:
37
«Динан да волчу АхӀаронан кӀанте ЭлиӀазаре дӀаала: „Багийначу нехан карахь хилла йолу нойш схьагулъе, хӀунда аьлча и нойш язйина ю. Царна чуьра богуш болу кӀоранаш кхиссий дӀабахийта.
38
Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагӀа доккхучу кхерчана тӀелаца, хӀунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“».
39
Багийначу наха еана йолу и цӀестан нойш динан дас ЭлиӀазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тӀейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама,
40
Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхӀаронан хӀух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.
41
ШолгӀачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхӀаронна а реза доцуш дӀахӀоьттира. Цара бохура: «Аша хӀаллакдина Везачу Элан халкъ».
42
Мусана а, АхӀаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агӀор дӀабирзича, царна гира четарна тӀехула дӀахӀоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира.
43
Муса а, АхӀарон а гуламан четарна нийсса хьалха агӀор тӀевахара.
44
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
45
«ДӀа а хилий, оцу халкъах дӀакъаста, бӀаьрган негӀар а тохале Соьга иза хӀаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира.
46
Мусас АхӀароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, кхерча чуьра богуш болу кӀора а биллина, сихонца халкъана тӀе а вахана, ахьа царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, хӀунда аьлча Везачу Элера оьгӀазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина».
47
Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхӀарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а дагош, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдора АхӀарона.
48
АхӀарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дӀахӀоьттира — цамгаран ун сецира.
49
Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара.
50
Цамгаран ун сецначул тӀаьхьа АхӀарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тӀе юхавирзира.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36