bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 33
Numbers 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 34 →
1
ХӀорш ю Мусан а, АхӀаронан а куьйга кӀел а далош, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хӀиттийна меттигаш.
2
Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цӀераш дӀаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хӀорш ю:
3
РаӀамсас-гӀалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой.
4
Цу хенахь Везачу Эло хӀаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дӀабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.
5
Цу тайпана, РаӀамсасера ара а даьлла, Сакхат цӀе йолчу меттигехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра Исраилан халкъо.
6
Сакхатара дӀа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
7
Атамера ара а бевлла, БаӀал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХӀахьират йолчу дӀабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
8
Пи-ХӀахьиратера ара а бевлла, хӀорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цӀе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цӀе йолчу меттигехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
9
Марра цӀе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
10
Элимера дӀа а бахана, Эрзийн-хӀордана уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
11
Эрзийн-хӀордана уллора дӀа а бахана, Син цӀе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
12
Син-яьссачу арара дӀа а бевлла, Дупикха цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
13
Дупикхара дӀа а бахана, Алуш цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
14
Алушера дӀа а бахана, Рапидам цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.
15
Рапидамера дӀа а бахана, Синай-яьссачу арахь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
16
Синай-яьссачу арара дӀа а бевлла, Кхиброт-ХӀатаъву цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
17
Кхиброт-ХӀатаъвуэра дӀа а бахана, Хьацерут цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
18
Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
19
Ритмера дӀа а бахана, Римун-Парац цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
20
Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
21
Либнера дӀа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
22
Рисера дӀа а бахана, КхахӀилатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
23
КхахӀилатера дӀа а бахана, Шапар-лам тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
24
Шапар-лам тӀера дӀа а бахана, ХӀаридехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
25
ХӀаридера дӀа а бахана, Макхи-ХӀалут цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
26
Макхи-ХӀалутера дӀа а бахана, Тахьатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
27
Тахьатера дӀа а бахана, ТӀахьирехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
28
ТӀахьирера дӀа а бахана, Миткъехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
29
Миткъера дӀа а бахана, Хьашмунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
30
Хьашмунера дӀа а бахана, Мосиратехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
31
Мосиратера дӀа а бахана, Баней-ЯӀакханехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
32
Баней-ЯӀакханера дӀа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
33
Хьор-Хьагид-Гадера дӀа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
34
Ютбатера дӀа а бахана, Ӏабрунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
35
Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
36
Ӏецйон-ГӀебарера дӀа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цӀе йолчу меттехь, дӀахӀоттийра цара.
37
Кхадеш-меттера дӀа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХӀор-лома тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
38
Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь.
39
АхӀаронан цхьа бӀе ткъе кхо шо дара, иза ХӀор-лома тӀехь дӀакхелхинчу хенахь.
40
КанаӀан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародана дӀахезира, Исраилан халкъ схьадогӀуш ду аьлла.
41
ХӀор-лома тӀера дӀа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
42
Цалмунера дӀа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
43
Пунонера дӀа а бахана, Обатехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
44
Обатера дӀа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
45
Ӏий-Ӏабаримера дӀа а бахана, Дибон-Гадехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
46
Дибон-Гадера дӀа а бахана, Ӏалмун-Диблатайм цӀе йолчу меттигехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
47
Ӏалмун-Диблатаймера дӀа а бахана, Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
48
Ӏабарим-лаьмнашкара дӀа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
49
Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гӀалина тӀера Абал-Шитаймана тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь дӀахӀиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.
50
Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь:
51
«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка дӀакхаьчча,
52
цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш.
53
И латта шайн дола а даккхий, цу тӀехь даха охьаховша, хӀунда аьлча и латта Аса шуна дӀаделла, иза шун дола даккхийтархьама.
54
Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дӀадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀадекъа и латта.
55
Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дӀа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бӀаьргашна кӀохцалан коьллаш а, шун агӀонаш тӀе Ӏиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна.
56
ТӀаккха Айса царна дан леринарг шуна дийр ду Аса“».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36