bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 3
Numbers 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 4 →
1
ХӀара ду АхӀаронан а, Мусан а тӀаьхьенах хилларг, Синай цӀе йолчу лам тӀехь Веза Эла Мусага вистхиллачу хенахь.
2
АхӀаронан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тӀаьхьа бина кӀентий бара АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
3
Уьш яра динан дай хиллачу Далла гӀуллакх дан леррина къобалбинчу АхӀаронан кӀентийн цӀераш.
4
Надаб а, АбихӀу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цӀе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цӀе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхӀарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиӀазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гӀуллакх дора.
5
Везачу Эло Мусага элира:
6
«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхӀаронна хьалха дӀахӀиттабе, цаьрга цунна гӀуллакх дайтархьама.
7
АхӀаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга.
8
Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегӀаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга.
9
АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀало и левихой. Исраилан тӀаьхьенах уьш леррина АхӀаронан кара дӀабелларш бу.
10
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гӀуллакх цаьрга лардайтархьама. И гӀуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гӀортахь, иза вуьйр ву».
11
Везачу Эло Мусага элира:
12
«ЛадогӀа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кӀентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу,
13
хӀунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кӀентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву».
14
Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира:
15
«Левин тӀаьхье шайн доьзалшца а, шайн тукхамашца а ягаръе. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу хӀора кӀант вагарве».
16
Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Цо тӀедиллинарг кхочуш а деш, уьш багарбира Мусас.
17
Левин кӀентийн цӀераш яра: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
18
ГӀиршанан тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаӀи.
19
КхахӀатан тӀаьхьенах болчеран цӀераш церан тукхамашца яра: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
20
Мерарин тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а. Уьш Левин тӀаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина.
21
ГӀиршанах даьллера Ливанин а, ШамаӀин а тукхамаш. Уьш ГӀиршанах девлла тукхамаш дара.
22
Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхӀ эзар пхи бӀе боьрша стаг вара (7500).
23
ГӀиршанан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна тӀехьа, малхбузехьа агӀор, дӀахӀотто безара.
24
ГӀиршанан доьзалийн баьчча вара Лаалан кӀант Элъясайп.
25
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчарна тӀедиллинера гуламан четаран иштта хӀуманаш Ӏалашъян: чухуларчу четаран а, тӀехуларчу четаран а, четарна тӀехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а,
26
четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолчу шаршуйн а, кертан кевнехь йолчу шаршун а, цаьрца доьзна долчу машшийн а. Цул сов, царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар.
27
КхахӀатах схьадаьллера Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тукхамаш. Уьш КхахӀатан тукхамаш дара.
28
Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархӀ эзар ялх бӀе стаг вара (8600). КхахӀатан тукхамна тӀедиллинера еза хӀуманаш ларъян.
29
КхахӀатан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна къилбехьа агӀор дӀахӀотто безара.
30
КхахӀатан доьзалийн баьчча вара Ӏузиалан кӀант Эли-Цапан.
31
Цара дола дан дезачунна юкъайогӀура хӀара хӀуманаш: Делан тӀорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гӀуллакх дан леррина язйина пхьегӀаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а.
32
Левихойн баьччанашна тӀехь волу баьчча вара динан да волчу АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар. Еза хӀуманаш Ӏалашъеш болчарна тӀехь куьйгалла дан къобалвинера иза.
33
Мерарих схьадаьллера Махьлин а, Мушхьин а тукхамаш. Уьш Мерарин тукхамаш дара.
34
Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бӀе стаг вара (6200).
35
Мерарин доьзалийн баьчча вара Абу-Хьаилан кӀант Цуриал. Цара шайн меттамотт Делан четарна къилбаседехьа агӀор дӀахӀотто безара.
36
Мерарин тӀаьхьенна дола де аьлларш хӀара хӀуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гӀирс а. Царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар.
37
Иштта цара дола дан дезара: гонахарчу кертан бӀогӀамийн а, церан баххийн а, машшаш чӀагӀдеш тухуш долчу дечиган хьостамийн а, машшийн а.
38
Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агӀор, гуламан четарна хьалхахь дӀахӀотто безара. Царна тӀедиллинера Делан четар лардар — иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гӀуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гӀоьртича, иза вен дезара.
39
Везачу Эло тӀедилларца Мусас а, АхӀарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000).
40
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан тӀаьхьенах дуьнен чу хьалха бевллачу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан ерш багарбе, церан хӀораннан цӀе дӀа а язъеш.
41
Хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу исраилхойн метта левихой, дӀа а къастабай, Суна лерина хилийта. Со Веза Эла ву! Ткъа исраилхойн хьалха дуьнен чу даьллачу бежанийн метта левихойн бежанаш а Суна лерина хилийта».
42
Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, исраилхойн хьалха дуьнен чу бевлла берриге а кӀентий багарбира Мусас.
43
Уьш верриге а шайн цӀерашца дӀаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273).
44
Везачу Эло Мусага элира:
45
«Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву.
46
Левихойн барамал сов волчу исраилхойн хьалха дуьнен чу ваьллачу ши бӀе кхузткъе кхойтта кӀантана тӀера мах схьаэца.
47
Цхьана стагана тӀера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер догӀу).
48
И ахча АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера дӀало».
49
Мусас схьаийцира оцу совбевллачу исраилхойн метта дӀалуш долу ахча.
50
И ахча схьаэцнера исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу нахана тӀера. Цхьа эзар кхо бӀе кхузткъе пхиъ шекхал дети ахча, дезачу шекхалан бараме хьаьжжина, схьаийцира царна тӀера.
51
Левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера, мах а белла, схьаэцна и ахча, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, АхӀароне дӀаделира Мусас.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36