bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 35
Numbers 35
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 36 →
1
Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина уллохула догӀучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира:
2
«Исраилхошна тӀедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тӀехь йолчу гӀаланех цхьаерш левихошна дӀаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гӀаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дӀадала деза цара.
3
Иштта, левихойн долахь гӀаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина.
4
ГӀаланашна гонахара, аша левихошна дӀадала деза дежийлаш, гӀаланийн пенашна тӀера дӀадуьстича, массо а агӀор цхьацца эзар дол хила деза.
5
ГӀаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дӀадуста, ткъа гӀаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гӀаланашна гонах долу дежийлаш.
6
Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна.
7
Аша левихошна дӀаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархӀ гӀала.
8
Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано — кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».
9
Везачу Эло Мусага элира:
10
«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка чу дахча,
11
оцу гӀаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дӀалачкъа гӀаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дӀавада мега.
12
И гӀаланаш бекхам лоьхучух дӀалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама.
13
Ткъа аша оцу гӀуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гӀала хила еза.
14
Кхо гӀала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаӀан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀаланаш.
15
Исраилан халкъана а, тӀевеанчунна а, тӀе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хӀорра а бекхам лоьхучух дӀалачкъа цига дӀавада тарло.
16
Нагахь цхьаммо адам даллал чӀогӀа цунна тӀе аьчка хӀума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву!
17
Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тӀулг а хилла, цо адам даллал чӀогӀа тӀе тӀулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву!
18
Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хӀума карахь а йолуш, стаг валлал чӀогӀа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву!
19
ЧӀир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву.
20
Нагахь стаг валлал чӀогӀа цхьаммо иза дӀатеттинехь я вен дагахь цунна тӀе хӀума кхоьссинехь,
21
я нагахь, шен цхьана стагаца мостагӀалла долу дела, иза валлал цунна тӀе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву — иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чӀир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.
22
Амма нагахь цхьаммо шен мостагӀалла доццушехь, цхьаъ дӀататтахь я дагахь а доцуш цунна тӀе цхьа хӀума тӀекхоссахь,
23
я нагахь цу стагаца шен мостагӀалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тӀулг цунна тӀе цо божабахь, иза вала там бу.
24
ТӀаккха хӀокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цӀий Ӏанорна чӀир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза.
25
Стаг вийнарг халкъо чӀир йоькхуш волчух кӀелхьарваккха а веза, иза дӀалечкъина хиллачу гӀала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дӀакхалххалц.
26
Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гӀалин дозанашкахула араваьллехь,
27
иза чӀир йоькхучунна цу гӀалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чӀир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тӀехь цӀий Ӏаноран бехк хир бац.
28
ХӀунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гӀалахь Ӏан везаш вара, динан коьрта да дӀакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дӀакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду.
29
ХӀара тӀедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тӀаьхьенашна.
30
Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза.
31
Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву.
32
Нагахь стаг дӀалочкъийла йолчу гӀала дӀаведдехь, динан коьрта да дӀакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Ӏан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца.
33
Шаьш тӀехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хӀунда аьлча цӀий Ӏаноро латта бехдо. ЦӀий Ӏанийначун цӀий Ӏанадаро бен шена тӀехь цӀий Ӏанийна долчу лаьттан къа дӀа ца доккху.
34
Шена тӀехь Со Ӏаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хӀунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Ӏаш ву“».
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 36 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36