bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 32
Numbers 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 33 →
1
Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна.
2
Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира:
3
«Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш
4
тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду».
5
Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».
6
Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду?
7
Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан?
8
Аса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза.
9
Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш.
10
Цу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира:
11
„Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела.
12
Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“.
13
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц.
14
Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна.
15
Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу».
16
Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю.
17
Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха.
18
Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо.
19
ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».
20
Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь — тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь,
21
нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь,
22
нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду.
23
Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду!
24
Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».
25
Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг.
26
Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду.
27
Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».
28
Мусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а.
29
Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а — царах тӀамана кийча волу хӀорра а — Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола.
30
Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош».
31
Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха.
32
Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».
33
Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а — берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а.
34
Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер,
35
Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа,
36
Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара.
37
Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим,
38
иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара.
39
Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира.
40
Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира.
41
Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо.
42
Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а дӀалецира. Оцу гӀалина, Нобахьа аьлла, цӀе тиллира цо.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36