bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 18
Numbers 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 19 →
1
Везачу Эло АхӀароне элира: «Хьо а, хьан кӀентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Ӏаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Ӏеса хӀуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кӀенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гӀуллакхна дуьхьал дечу Ӏесаллина.
2
Иштта хьан дайн тӀаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кӀенташна а гӀо дайтархьама.
3
Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кӀел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цӀа чохь йолчу цхьана а хӀуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама.
4
Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гӀуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тӀе а ма ваийта.
5
Иштта, еза хӀуманаш лар а е, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгӀаз ца вахийтархьама.
6
Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгӀат санна, уьш хьан кара дӀабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх кхочушдайтархьама.
7
АхӀарон! Хьан а, хьан кӀентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагӀа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тӀехьа долчуьнца а доьзна долу гӀуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гӀуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тӀегӀортахь, иза вуьйр ву».
8
Везачу Эло АхӀароне элира: «Аса-Айса хьан кара дӀаделла Суна лерина деана совгӀаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хӀуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кӀенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дӀало.
9
Халкъо Суна сагӀина лерина еанчу уггар езачу хӀуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагӀина мел деанчух — кӀен а, я къинан а, я къера хиларан а сагӀина деанчух — и дакъа хьуна а, хьан кӀенташна а кхачош дерг ду.
10
Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь — сагӀина лерина деанарг деза хӀума хилар.
11
Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина деана совгӀаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало. Хьан доьзалехь цӀена волчу хӀораммо а даа мегар ду иза.
12
Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагӀар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кӀа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дӀало.
13
Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цӀена мел волчун а бакъо ю иза даа.
14
Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дӀа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду.
15
Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь.
16
Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тӀера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догӀу).
17
Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а тӀера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дӀакъастийна ю. Церан цӀийн цинцаш кхерчана тӀетоха, ткъа мохь цӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю.
18
Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагӀа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гӀогӀ а хьуна кхачош ма-хиллара.
19
Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кӀенташна а, йоӀаршна а гуттаренна а дӀало исраилхоша Суна сагӀина лерина дахьаш долу дерриг а совгӀаташ. Иза туьхана тӀехь чӀагӀбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тӀаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
20
Везачу Эло АхӀароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со.
21
Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгӀа дакъош Аса левихошна дӀало, цара гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш хиларна.
22
ХӀинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама.
23
Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна,
24
хӀунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дӀалуш долу уьтталгӀа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“».
25
Везачу Эло Мусага элира:
26
«Левихошка, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана совгӀат санна дӀадала деза.
27
Аша дӀалуш долу и совгӀат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду — шун хьаьттах долу кӀа я шун муттдоккхургах даьккхина чагӀар санна.
28
Иштта, исраилхойн массо а уьтталгӀачу дакъойх аша а Везачу Элана совгӀат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгӀат динан дега АхӀароне дӀадала деза аша.
29
Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгӀа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дӀадала дезаш дерг хир ду“.
30
Муса! Ахьа левихошка иштта дӀаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгӀа дакъа аша Везачу Элана дӀаделлачул тӀаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна.
31
Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза.
32
Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дӀалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгӀаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“».
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36