bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 36
Numbers 36
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
1
Юсупан кӀентан Маннашан кӀант волчу Макиран кӀентан ГалӀадан тӀаьхьенийн куьйгалхоша, тӀе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш,
2
элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тӀедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тӀедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоӀаршна далар.
3
Нагахь санна и йоӀарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гӀахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дӀа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дӀадер ду и латта.
4
Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахӀитторан шо тӀекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТӀаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дӀадер дара».
5
Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тӀаьхьенах долчу гарано.
6
Цалпихьадан йоӀаршца доьзна Везачу Эло иштта тӀедуьллу: „Шайн бӀаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза.
7
Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хӀунда аьлча исраилхойх волу хӀорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза.
8
Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоӀ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хӀоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама.
9
Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан хӀора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».
10
Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоӀарша.
11
Цалпихьадан йоӀарий — Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуӀат — шайн ден вежарийн кӀенташка маре бахара.
12
Юсупан кӀентан Маннашан тӀаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.
13
Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тӀедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36