bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 5
Numbers 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 6 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Исраилхошна тӀедилла чкъураца дӀа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегӀах тӀуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дӀалахкар.
3
Иштта цӀена боцурш — божарий я зударий уьш белахь а — меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама».
4
Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара.
5
Везачу Эло Мусага элира:
6
«Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу
7
Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш.
8
Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо.
9
Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дӀакъастийначух хӀума яхьахь, и сагӀа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогӀуш ю.
10
Иштта, Далла дӀакъастийнарг динан дена йогӀу. Цхьаммо совгӀатна хӀума яхьахь, иза а динан дена догӀу“».
11
Везачу Эло Мусага элира:
12
«Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь зуда, майрачунна ямартло а йина,
13
иза шен майрачух лачкъа а дина, кхечу стагаца лелаш хилар цхьаммо гучудаккхахь (нахаца лелаш йоллучохь иза схьа ца лецира, хӀунда аьлча оцунна теш ца хилла),
14
цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло, цу зудчо ямартло ярна. Иштта, иза цхьана а стагаца ца леллехь а, цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло.
15
Цу стага, шен зуда динан дена тӀе а ялийна, цунна тӀера бархӀ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогӀу хӀума тоха ца еза. ХӀунда аьлча иза стага шен эмгараллина тӀера Везачу Элана лерина дахьаш долу кӀен сагӀа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагӀа ду.
16
Ткъа динан дас и зуда, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха дӀахӀотто еза.
17
ТӀаккха оцу динан дас деза хи, схьа а эцна, кхийра кхаби чу дотта деза. Цул тӀаьхьа, Делан четар чуьра цӀенкъара латта а даьккхина, иза цу кхаби чу таса деза.
18
И хӀума динчул тӀаьхьа, динан дас и зуда Везачу Элана хьалха дӀахӀоттор ю. ТӀаккха цу зудчун месаш дӀа а хецна, дагалацаран сагӀа — эмгараллина тӀера деана кӀен сагӀа — зудчун кара дӀалур ду динан дас. Ткъа динан ден карахь хир ду неӀалт тӀедоуьйту къаьхьа хи.
19
ТӀаккха динан дас, цу зудчуьнга харцдерг дийца мегар дац аьлла, чӀагӀо а йойтуш, эр ду: ‘Нагахь ахьа хьо марехь йолчу хенахь, кхечу стагаца а лелла, хьайн майрачунна ямартло ца йинехь, хӀокху неӀалт тӀедоуьйтучу хино хьуна цхьа а тайпана зе дийр дац.
20
Амма хьайн майрачунна ямарта а хилла, хьайн майра иза воццушехь, кхечу стагаца хьо леллехь, —
21
оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неӀалт кхайкхоран чӀагӀо йойтур ю, — Везачу Эло хьан халкъе хьуна неӀалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гӀогӀаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла.
22
НеӀалт тӀедоуьйту хӀара хи хьан дегӀа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гӀогӀаш а толхуьйтуш’. ТӀаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, — ала деза.
23
НеӀалт хьажош долу и дешнаш динан дас кехат тӀе дӀаяздан деза, оцу хина тӀера дешнаш, кехат даша а дина, къаьхьачу хи чохь диса деза.
24
И хи цу зудчуьнга дӀамалийта деза. НеӀалт тӀедоуьйтучу цу къаьхьачу хино, цуьнан кийра а дахана, цуьнга Ӏазап хьегийта тарло.
25
Динан дас, эмгаралла хилар бахьанехь деана кӀен сагӀа зудчун карара схьа а эцна, Везачу Элана лерина хьала а айина, сагӀа доккхучу кхерчана тӀехьур ду.
26
Динан дас, сагӀина деанчу кӀен цхьа кана, дагалацаран сагӀа санна, схьа а эцна, кхерчана тӀе а диллина, дагор ду. Цул тӀаьхьа и хи зудчуьнга дӀамолуьйтур ду цо.
27
Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неӀалт тӀедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Ӏазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гӀогӀаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неӀалт а кхайкхош, цунах дӀадоьрзур ду.
28
Нагахь и зуда шен майрачунна хьалхахь бехке ца хиллехь, динан дас иза бехке йоцийла а хоуьйтур ду, цуьнан бераш а хир ду.
29
Иштта ю эмгаралла юкъаяьлча хила еза бакъо, нагахь зудчо, шен майрачунна ямартло а йина, къа латадахь,
30
я нагахь майрачун шен зудчух тешам байнехь, цо ямартло йина аьлла. Динан дас, и зуда Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоттийна, оцу бакъоно ма-бохху, дерриге а кхочушдан деза.
31
Майра цхьана а тайпана бехке хир вац, ткъа зуда, цо къа латийнехь, жоьпе озор ю“».
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36