bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 25
Numbers 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 26 →
1
Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира.
2
Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора.
3
Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана.
4
Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду».
5
Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хӀораммо а шайна юкъара БаӀал-ПаӀор-цӀунна Ӏамал ян буьйлабелларш байа».
6
Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра.
7
Шена и дерриг а гича, динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира.
8
Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира.
9
Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.
10
Везачу Эло Мусага элира:
11
«Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а.
12
Цундела ахьа Пайнехьасе дӀахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий.
13
Цуьнга а, цуьнан ерриге тӀаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хӀунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дӀа а дохуьйтуш».
14
Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимӀин тӀаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кӀант Зимари вара иза.
15
Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цӀе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоӀ яра.
16
Везачу Эло Мусага элира:
17
«Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа,
18
хӀунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаӀор олучу меттехь хиллачу гӀуллакха тӀехь а, маданхойн баьччанан йоӀ йолчу Кузабица доьзна долчу гӀуллакха тӀехь а. ПаӀорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Ӏоьттина, йийнера».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36