bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 28
Numbers 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 29 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“.
3
Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар.
4
Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг — суьйранна.
5
ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама.
6
Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
7
Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза.
8
Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».
9
«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а.
10
ХӀора дийнахь доккхучу сагӀина а, цуьнца догӀучу чагӀаран сагӀина а тӀетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагӀа ду иза».
11
«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар.
12
ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама.
13
Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
14
ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь.
15
Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».
16
«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду.
17
Ткъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза.
18
Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе.
19
ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза.
20
Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,
21
ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама.
22
Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама.
23
ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш.
24
Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш.
25
Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».
26
«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе.
27
Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а.
28
Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а,
29
ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а.
30
Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама.
31
Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36