bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 7
Numbers 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 8 →
1
Ша Делан четар дӀахӀоттийна ваьллачу дийнахь Мусас иза а, цу чохь мел йолу хӀума а, сагӀа доккху кхерч а, цуьнца мел болу гӀирс а, даьттанца къобал а бина, базбира. Цо и хӀуманаш ерриге а язйича,
2
шайн доьзалийн баьччанаш болу Исраилан халкъан куьйгалхой баьхкира. Халкъ дагардечу хенахь тайпанашна тӀехь куьйгалла деш берш бара уьш.
3
Цара Везачу Элана сагӀина лерина совгӀаташ деара: гата тоьхна йолу ялх ворда а, царах дӀабожа шишша сту а. Иштта, халкъан шина куьйгалхочо цхьацца ворда а еанера, ткъа хӀораммо а цхьацца сту а балийнера. Уьш Делан четарна хьалхахь дӀахӀоттийра цара.
4
Везачу Эло Мусага элира:
5
«Халкъан куьйгалхоша еанарг схьаэца. Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш болчаьрга лелаяйта уьш. Левихошка дӀало уьш, царна шаьш дечу гӀуллакха тӀехь оьшур ю и хӀуманаш».
6
Мусас, цаьргара ворданаш а, стерчий а схьа а эцна, уьш левихошка дӀаделира.
7
Ши ворда а, биъ сту а ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара кхочушдеш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
8
Йиъ ворда а, бархӀ сту а Мерарин тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара деш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. Царна массарна а тӀехьожуш вара динан да волчу АхӀаронан кӀант Итамар.
9
Ткъа КхахӀатан тӀаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хӀунда аьлча царна тӀедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дӀабоьлхучу хенахь четаран еза хӀуманаш шайн белшаш тӀехь дӀаяхьар.
10
СагӀа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгӀаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгӀаташ цара кхерчана хьалха дӀахӀиттадора.
11
Везачу Эло Мусага элира: «ХӀора дийнахь куьйгалхойх цхьаццанга сагӀа доккху кхерч къобалбарна лерина долу шен совгӀат даийта».
12
Хьалхарчу дийнахь яхӀудхойн тайпанах волчу Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона шен совгӀаташ деара.
13
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
14
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
15
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
16
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
17
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона деана совгӀаташ.
18
ШолгӀачу дийнахь иссарханхойн куьйгалхо волчу ЦуӀаран кӀанта Натунаила шен совгӀаташ деара.
19
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
20
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
21
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
22
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
23
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ЦуӀаран кӀанта Натунаила деана совгӀаташ.
24
КхозлагӀчу дийнахь забулхойн куьйгалхо волчу Хьелонан кӀанта Элиаба шен совгӀаташ деара.
25
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
26
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
27
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
28
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
29
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Хьелонан кӀанта Элиаба деана совгӀаташ.
30
ДоьалгӀачу дийнахь раабанхойн куьйгалхо волчу Шидауран кӀанта Элицура шен совгӀаташ деара.
31
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
32
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
33
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
34
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
35
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Шидауран кӀанта Элицура деана совгӀаташ.
36
ПхоьалгӀачу дийнахь шамӀахойн куьйгалхо волчу Цура-Шидин кӀанта Шелумиала шен совгӀаташ деара.
37
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
38
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
39
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар а беанера.
40
Къинан сагӀина цхьа бож еанера.
41
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Цура-Шидин кӀанта Шелумиала деана совгӀаташ.
42
ЙолхалгӀачу дийнахь гадахойн куьйгалхо волчу ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа шен совгӀаташ деара.
43
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
44
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
45
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
46
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
47
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа деана совгӀаташ.
48
ВорхӀалгӀачу дийнахь эпраймхойн куьйгалхо волчу ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа шен совгӀаташ деара.
49
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
50
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
51
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
52
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
53
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа деана совгӀаташ.
54
БорхӀалгӀачу дийнахь маннашхойн куьйгалхо волчу Падацуран кӀанта Гамлиала шен совгӀаташ деара.
55
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
56
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
57
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
58
Къинан сагӀина лерина цхьа бой еанера.
59
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бой, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Падацуран кӀанта Гамлиала деана совгӀаташ.
60
УьссалгӀачу дийнахь бен-яманхойн куьйгалхо волчу ГидӀонин кӀанта Авданис шен совгӀаташ деара.
61
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
62
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
63
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
64
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
65
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ГидӀонин кӀанта Авданис деана совгӀаташ.
66
УьтталгӀачу дийнахь Данахойн куьйгалхо волчу Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара шен совгӀаташ деара.
67
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
68
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
69
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
70
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
71
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара деана совгӀаташ.
72
ЦхьайтталгӀачу дийнахь Ашар-къоман куьйгалхо волчу Ӏухранан кӀанта ПагӀиала шен совгӀаташ деара.
73
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
74
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
75
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
76
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
77
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏухранан кӀанта ПагӀиала деана совгӀаташ.
78
ШуьйтталгӀачу дийнахь напталхойн куьйгалхо волчу Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа шен совгӀаташ деара.
79
Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
80
Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш.
81
Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера.
82
Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера.
83
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа деана совгӀаташ.
84
Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагӀа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгӀаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамӀ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад.
85
ХӀора дато бошхепана даханера цхьа бӀе ткъе итт шекхал, ткъа хӀора дато боганна кхузткъе итт шекхал барамехь долу дети. Цу тайпана оцу пхьегӀашна даханчу детин барам бара, дезачу шекхале хьаьжжина, ши эзар диъ бӀе шекхал дети.
86
Шайна чохь хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь долчу шийтта кедах хӀора кедана даханера итт шекхал деши, дезачу шекхале хьаьжжина. Оцу дерриге а дашо кедашна даханера цхьа бӀе ткъа шекхал деши.
87
Дагоран сагӀина лерина деана дийнаташ дерриге а дара: шийтта старгӀа, шийтта ка, шаре баьлла шийтта Ӏахар. Царна йогӀуш йолу кӀен сагӀина лерина хӀуманаш цаьрца цхьаьна еанера. Иштта къинан сагӀина лерина еана шийтта бож а яра.
88
Ткъа бертан сагӀина лерина деанера хӀара: ткъе йиъ старгӀа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Ӏахар. Иштта яра, сагӀа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагӀина лерина еана хӀума.
89
Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дӀадохучу негӀарна тӀехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36