bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 12
Numbers 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 13 →
1
Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера.
2
Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира.
3
(Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)
4
Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира.
5
Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара.
6
Везачу Эло элира: «ЛадогӀа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара, я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.
7
Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
8
Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»
9
Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара.
10
Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла!
11
ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна!
12
Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»
13
Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» — бохуш.
14
Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду».
15
Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36