bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 22
Numbers 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 23 →
1
Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт.
2
Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана.
3
Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх.
4
Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх.
5
Балакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна.
6
Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта».
7
Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме.
8
БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира.
9
Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» — аьлла.
10
БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху:
11
„Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“».
12
Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».
13
Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван».
14
Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван».
15
ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха.
16
Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу.
17
Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“».
18
БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан.
19
Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу».
20
Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь».
21
Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира.
22
БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама.
23
БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ.
24
Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира.
25
Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира.
26
Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла.
27
Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира.
28
Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?»
29
БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!»
30
Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», — аьлла.
31
Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира.
32
Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна.
33
Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра».
34
БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву».
35
ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.
36
Шена БалиӀам вогӀу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Ӏар-гӀали чу.
37
Шена БалиӀам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тӀе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хӀунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгӀат далалур дацара ткъа соьга?»
38
«Со хӀинца кхузахь ву-кх, — элира БалиӀама. — Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХӀунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дӀаала».
39
Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиӀам.
40
Балакха сагӀина лерина масех сту а, уьстагӀ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиӀамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.
41
ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36