bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 4
Numbers 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 5 →
1
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
2
«Левин тӀаьхьенах долчу КхахӀатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина.
3
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе.
4
КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тӀебехкина болу белхаш уггар езачу хӀуманашца боьзна бу.
5
Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тӀорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тӀорказна тӀетасийта.
6
Цул тӀаьхьа цу тӀорказна тӀе хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. Ткъа цунна тӀехула сийна бос болу тӀергӀан кӀади а тасий, тӀорказан хьокхий шен чӀагарех чекхдахийта.
7
Иштта даздина баьпкаш тӀехь долчу стоьла тӀе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тӀе бошхепаш, еш, боганаш, чагӀаран сагӀанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тӀехь.
8
Оцу массо а хӀуманна тӀехула цӀен басахь долу кӀади тӀедиллийта. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. ТӀаккха хьокхий стоьлан чӀагарех чекхдахийта.
9
Цул тӀаьхьа сийна бос болу тӀергӀан кӀади тасийта серло луш болчу стогарна тӀе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дӀасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тӀе.
10
И ерриг хӀума а, хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийтийта.
11
Дашочу кхерчана тӀе а тасийта сийна бос болу кӀади. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, кхерчан чӀагарех хьокхий чекхдахийта.
12
Делан четар чохь Ӏамал еш лело къастийна пхьегӀаш сийна бос болчу кӀадина юккъе дӀахьарчае, тӀаккха цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а йиллий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийта.
13
Чуьра юкъ дӀа а яккхий, сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а сирла-цӀен бос болу кӀади тасийта.
14
Цул тӀаьхьа кхерчана уллохь Ӏамал еш лелош йолу ерриг хӀума а схьагулъяйта: богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш, мӀерий, белаш, боганаш. И ерриге а хӀуманаш кхерча тӀехь йолчу сирла-цӀен бос болчу кӀадина тӀе яхкийта. ТӀаккха оцу хӀуманашна тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чӀагарех чекхдахийта.
15
АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Делан четар чуьра езачу хӀуманашна тӀе кӀадеш тасар чекхдаьллачул тӀаьхьа, меттамотт дӀабоккхучу хенахь, кхахӀатхой тӀебахкийта уьш дӀаяхьа. Амма езачу хӀуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хӀуманаш КхахӀатан тӀаьхьенах болчу наха яхьа еза.
16
Динан да волчу АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а, хӀора дийнахь дахьаш долу кӀен сагӀа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хӀуманан а, пхьегӀийн а».
17
Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
18
«Варелаш! Левихойн юкъара КхахӀатан тукхамийн гара дӀа ма даккхийталаш!
19
Уггар а езачу хӀуманашна тӀебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хӀара дан деза: АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хӀора кхахӀатхо шен гӀуллакх дечу метте дӀа а хӀоттош, цара дӀаяхьа еза хӀума гайта еза царна.
20
Амма кхахӀатхой, езачу хӀуманашка хьажархьама, ур-атталла бӀаьрганегӀар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама».
21
Везачу Эло Мусага элира:
22
«ГӀиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина.
23
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе.
24
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш гӀуллакх деш а, хӀуманаш дӀахьош а, хӀара дан деза:
25
гӀиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а,
26
четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гӀирс а. Оцу хӀуманашца доьзна дан дезаш мел долу гӀуллакх а кхочушдан деза цара.
27
АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а омрица кхочушдан деза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчара шайна тӀедиллина муьлхха а гӀуллакх: хӀуманаш дӀахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дӀахьош мел йолчу хӀуманан дола дар тӀедилла царна.
28
Цу тайпана белхаш бан беза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».
29
«Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина.
30
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе.
31
Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дӀаяхьа езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а,
32
гонахарчу кертан бӀогӀамаш а, иштта церан баххаш а, чӀагӀдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гӀирс а, оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дӀаяхьа езачу хӀора хӀуманан, цуьнан цӀе а йоккхуш, хьесап де.
33
Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».
34
Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.
35
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах,
36
шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт стаг вара (2750).
37
Уьш бара КхахӀатан тӀаьхьенах болу гуламан четарна лерина гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
38
Иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.
39
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,
40
шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бӀе ткъе итт стаг вара (2630).
41
Уьш бара ГӀиршанан тӀаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
42
Мерарин тӀаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а.
43
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,
44
шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бӀе стаг вара (3200).
45
Уьш бара Мерарин тӀаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
46
Иштта Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тӀаьхьенах волу хӀора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а.
47
Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан а, четар дӀадахьа а магийтина болу берриге а нах
48
багарбича, бархӀ эзар пхи бӀе везткъа стаг вара (8580).
49
Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, уьш хӀора а шайн билгалдаьккхинчу гӀуллакхе дӀа а хӀиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36