bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 11
Numbers 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 12 →
1
Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро.
2
Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доӀа а дина, цӀе дӀаяйра.
3
Цу меттигах ТабӀера элира (иза «цӀе латар» бохучух тера ду), хӀунда аьлча Везачу Элан цӀе летира халкъана юкъахь цигахь.
4
Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду?
5
Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чӀара дагабогӀу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха.
6
ХӀинца тхо холчохь ду, „ман“ цӀе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хӀума яц».
7
(Ораматан хӀу санна а йолуш, тӀехьаьжна сегӀазах тера яра и «ман».
8
Наха, арахула дӀабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам.
9
Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тӀе «ман».)
10
Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара.
11
ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хӀунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хӀунда вац те? ХӀокху халкъан берриг а бала суна тӀе хӀунда билли Ахьа?
12
Ас кийрахь лелийна хӀара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дӀахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тӀе“?
13
Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха.
14
Соьга цхьаьнга дӀа ца кхехьало хӀара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна.
15
ХӀара гӀуллакх Ахь суна тӀедуьллуш хилча, вей, дӀаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТӀаккха бала хьега дезар дац сан».
16
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тӀехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тӀе схьавалаве. Хьайца цигахь дӀахӀиттабе уьш.
17
Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта.
18
Халкъе дӀаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цӀена хила, хӀунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Ӏаш дара’, — бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг.
19
Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Ӏийр дац,
20
амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерӀуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хӀунда даьхна?’ — бохуш, делхарна а“».
21
Мусас элира: «Ялх бӀе эзар гӀашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“
22
Дерриг а уьстагӀий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хӀорда чуьра берриг а чӀара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?»
23
Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хӀун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу».
24
Мусас, ара а ваьлла, халкъе дӀахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дӀахӀиттийра цо.
25
Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тӀе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хӀиттира нахана, амма юха а севцира.
26
Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь.
27
Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву».
28
И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гӀо деш волчу Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!»
29
Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дӀадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тӀе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш».
30
Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дӀавахара Муса.
31
Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира.
32
Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш.
33
Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана.
34
Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь.
35
Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36