bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 19
Numbers 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 20 →
1
Мусага а, АхӀароне а Везачу Эло элира:
2
«Везачу Эло шуна тӀедуьллуш долу товрат-хьехамна тӀера парзаш хӀорш ду: исраилхошка хьайна тӀе хьаьрса етт балабайта. Шена тӀехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тӀе дукъ диллаза а болуш хила беза иза.
3
Динан да волчу ЭлиӀазаре дӀало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду.
4
Динан дега ЭлиӀазаре, шен пӀелг цу аьттан цӀий чу а Ӏоттийтий, цуьнан цинцаш ворхӀазза гуламан четаран хьалха агӀор тӀе тохийта.
5
ТӀаккха, ЭлиӀазар юххехь а волуш, и етт берриге а багабайта. Цуьнан цӀока а, жижиг а, цӀий а, боьхаллаш а — уьш ерриш а яго еза.
6
Цул тӀаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цӀен тай а схьа а эцна, и ерриг а хӀума етт багочу цӀерга кхосса еза.
7
Шена тӀера хӀума а йиттина, шен дегӀ хица цӀан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.
8
И етт багош хиллачо а шена тӀера хӀума а юьттуш, шен дегӀ хица цӀандан деза. Иза а сарралц Далла хьалха цӀена хир вац.
9
ЦӀена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цӀеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цӀандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагӀа лоруш ду.
10
Цу аттах бисина чим дӀагулбинарг а цӀанвала веза, шена тӀера бедарш а йиттина. Сарралц Далла хьалха цӀена хир вац иза. Исраилан халкъана а, цунна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а гуттаренна а тӀедиллина ду иза.
11
Адаман докъах хьакхавелларг ворхӀ дийнахь Далла хьалха цӀена хир вац.
12
КхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь цӀандаран хица тӀехьарсийта деза цо. ТӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ву. Ткъа ша кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь цӀан ца вайтинарг цӀена хир вац.
13
Докъах хьакха а велла, цӀано яран Ӏадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза. ЦӀандаран хин цинцаш оцу стагана тӀе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цӀена хир вац, цуьнан цӀена цахилар цунна тӀехь дуьсур ду.
14
Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дӀакхалхахь, цу чохь мел верг ворхӀ дийнахь боьха хир ву.
15
Иштта боьха хир ю шайна тӀехь негӀарш чӀагӀдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегӀаш а.
16
ТӀамехь вен а вийна, аренгахь Ӏуьллучух я Ӏожалла тӀееанчух, я деллачу адаман даьӀахкех, я кошах дӀахьакхавелларг муьлхха а ворхӀ дийнахь цӀена хир вац.
17
ЦӀена цахилар дӀадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тӀе керла хи дотта деза.
18
Ткъа цӀена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Ӏоьттина, четар тӀе а, цу чохь хиллачу пхьегӀашна а, адамашна а тӀе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьӀахкех, я тӀамехь вийначух, я ша дӀакхелхинчух, я кошах дӀахьакхавеллачу муьлххачунна а.
19
Ша цӀена волчо Далла хьалха цӀена воцучунна кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхӀалгӀачу дийнахь цо и стаг цӀанвинчул тӀаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегӀ цӀандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цӀена хир ву.
20
Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цӀан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дӀаэккхо веза, Дела Ӏаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦӀанваларан хин цинцаш цунна тӀе ца тохарна, иза Далла хьалха цӀена вац.
21
Иза шуна гуттаренна а тӀедиллина ду. ЦӀанваларан хин цинцаш тӀетоьхначо шен тӀеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цӀанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву.
22
Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хӀума а боьха хир ю. Иза дӀахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36