bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 1
Proverbs 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 2 →
1
ХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду.
2
Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а.
3
Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама.
4
Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а.
5
Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла.
6
ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а.
7
Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а.
8
ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта,
9
хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду.
10
Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло.
11
Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай.
12
Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш.
13
Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш.
14
Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай».
15
Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь,
16
хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу.
17
Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду —
18
амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара!
19
Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву.
20
КӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу,
21
адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо:
22
«Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш?
23
ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду.
24
Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара.
25
Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира.
26
Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича —
27
шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича.
28
ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна,
29
шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а,
30
иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш.
31
И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш.
32
Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна.
33
Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31