bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 19
Proverbs 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 20 →
1
Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал — иза-м сонтаниг ма ву.
2
ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу.
3
Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево.
4
Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту.
5
Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.
6
Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу.
7
Къен стаг шен гергарчарна ца веза — цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац.
8
Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву.
9
Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.
10
Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу.
11
Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до.
12
Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар — бацана тӀе диллина тхи санна ду.
13
Сонта кӀант — шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда — ца соцу ладар санна ю.
14
Стеган хӀусам а, бахам а — дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю.
15
Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.
16
Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву.
17
Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.
18
ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.
19
Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан.
20
Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.
21
Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.
22
Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал.
23
Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац.
24
Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо.
25
Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу.
26
Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву.
27
Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу.
28
Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу.
29
Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31