bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 24
Proverbs 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 25 →
1
Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа.
2
Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу.
3
ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла,
4
хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех.
5
Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу.
6
ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу.
7
Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу.
8
Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю.
9
Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана.
10
Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.
11
Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха!
12
«Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», — ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо
13
Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана.
14
Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна — иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц.
15
Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае.
16
Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш — бохамаша охьаэгор бу.
17
Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь.
18
Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна.
19
Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега,
20
хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу.
21
Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета,
22
хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа.
23
Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац.
24
Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», — кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву.
25
Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву.
26
ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву.
27
Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало.
28
Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта.
29
Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса».
30
Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира.
31
Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра.
32
Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна:
33
«Жимма вижина Ӏуьллур ву со, — боху малончо, — жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву».
34
Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31