bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 11
Proverbs 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 12 →
1
Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду.
2
Куралла йоьссича — юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу.
3
Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо.
4
Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву.
5
ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту.
6
Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву.
7
Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу.
8
Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу.
9
Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху.
10
Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу.
11
Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху.
12
Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо.
13
Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо.
14
Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху.
15
Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац.
16
Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо.
17
Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво.
18
Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта.
19
Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху.
20
Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах.
21
Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю.
22
Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда.
23
Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа.
24
Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо.
25
Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду.
26
Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг.
27
Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу.
28
Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву.
29
Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву.
30
Делан лаамехь болчара кхиориг — дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо.
31
Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31