bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 16
Proverbs 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 17 →
1
Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.
2
Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту.
3
Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду.
4
Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу.
5
Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг — шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш.
6
Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу.
7
Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо.
8
Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал.
9
Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху.
10
Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу.
11
Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а — Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а.
12
Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду.
13
ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара.
14
Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву.
15
Паччахьан сирлачу хьажарехь — дахар ду, цуьнан дика хилар — бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду.
16
Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду.
17
Дикачу нехан некъ — вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо.
18
Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту.
19
Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул.
20
Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву.
21
Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу.
22
Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до.
23
Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу.
24
Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду.
25
Стагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.
26
ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту.
27
Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду.
28
Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу.
29
Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу.
30
БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина.
31
Къежвалар — сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза.
32
Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу.
33
Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю.
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31