bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 22
Proverbs 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 23 →
1
Стеган дика цӀе яккхар хьал долуш хуьлучул а деза ду. Нехан ларам детил а, дешил а беза бу.
2
Хьал долуш верг а, къен верг а, ишттачу хӀумане хьаьжжина, цхьатерра ву: и ший а Везачу Эло кхоьллина ву.
3
Хьекъал долчо, бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа бодане нах, нийсса цу тӀе боьлху дела, жоьпе озабо.
4
Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду.
5
Зуламечу нехан некъашна тӀехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гӀур вац.
6
Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела — иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац.
7
Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу.
8
Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю.
9
Декъала хир ву комаьрша стаг, хӀунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу.
10
ДӀалалла шайна уллора нахах кхаьрдарг, иза дӀаваханчул тӀаьхьа вовшашка болу цабезам а, девнаш а, бага еттарш а дӀадевр ду.
11
ДогцӀеналла езаш а, маттана шера а хьо велахь, паччахь хьан доттагӀа хир ву.
12
Везачу Эло бакъдолу хаарш лардо, ткъа харцнехан дешнаш Цо дакъазадоху.
13
Малончо олу: «Арахь лом ду! Урамновкъахь со вуьйр ву!»
14
Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кӀело санна ю, Везачу Эло неӀалт аьлларг цу чу вужур ву.
15
Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза.
16
Шена са яккхархьама къечу стагана гӀело йийриг а, хьал долчу стагана совгӀаташ дийриг а — и ший а къоьлле кхочур ву.
17
Хьекъалалла долчийн дешнийн тидам а бе, цаьрга ла а догӀа. Ас хьуна Ӏамор долчун даггара ойла е,
18
хӀунда аьлча тамехь хир ду хӀара дешнаш хьайн дагахь латтор а, уьш дӀадийцийта кийча хилийтар а.
19
Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама.
20
Ас хьуна ткъе итт хьекъале аьлларг дӀаяздина, хьекъалаллех а, хаарех а дуьзна ма ду.
21
Цара Ӏамор ду хьуна нийса а, бакъ а дерг, тӀаккха хуур ду хьуна хьо ваийтинчунна нийса жоп дала.
22
Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е.
23
Везачу Эло къен болчаьрга гӀо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо.
24
Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо,
25
церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а.
26
Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца.
27
Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу.
28
Хьайн дайша дӀахӀоттийна болу шира шу дӀа ма хилабе.
29
Шен говзалла дика хууш волу стаг гиний хьуна? Цо паччахьашна гӀуллакх дийр ду. Боданечу нахана гӀуллакх дийр дац цо.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31