bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 9
Proverbs 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 10 →
1
Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра.
2
Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра.
3
ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо:
4
«Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо:
5
«Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар.
6
Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».
7
Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву.
8
Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха — цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу.
9
Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве — цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.
10
Везачу Эле ларамах вуьзна хилар — иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар — иза кхетам бу.
11
Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду.
12
Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.
13
Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю — цунна хӀумма а ца хаьа.
14
Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза.
15
Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта:
16
«Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» — бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху:
17
«Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду».
18
Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31