bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 3
Proverbs 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 4 →
1
Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,
2
хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду.
3
Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде.
4
ТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву.
5
Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила.
6
Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду.
7
Хьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло.
8
Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу.
9
Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан.
10
ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду.
11
Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де,
12
хӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра.
13
Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг.
14
ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу.
15
Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац.
16
Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь — бахам а, сийлалла а ду.
17
Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду.
18
Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву.
19
Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна, ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо.
20
Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна, мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина.
21
Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта.
22
Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду.
23
ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац.
24
Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа.
25
Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча,
26
хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу.
27
Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь.
28
Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь.
29
Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь.
30
Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь.
31
Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа,
32
хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн.
33
Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо.
34
Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо.
35
Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна — юьхьӀаьржо.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31