bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 25
Proverbs 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 26 →
1
ХӀорш ду Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун ялхоша схьагулдина долу.
2
Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.
3
Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.
4
Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа.
5
Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.
6
Паччахьна хьалха айхьа хьо хеста а ма ве, сийлахь болчийн метта охьа а ма хаа.
7
«Схьавола!» — аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул. Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш
8
стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хӀун дийр дара, хьайна уллорачо гӀуллакх къастийначул тӀаьхьа хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийча?
9
Уллораниг хьайн гӀуллакхна кхеле озийча, кхечу стеган къайле гучу ма яккха.
10
Хьо иштта лелаш велахь, иза хезначо хьо юьхьӀаьржачу хӀоттор ву, и юьхьӀаьржо хьо мел веха хьоьца хир ю.
11
Даточу пхьегӀи чохь Ӏуьллучу дашочу Ӏежех тера хуьлу доггӀучохь аьлла долу дош
12
Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чӀагарал а, уггар цӀеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогӀа хуучу лергана.
13
Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча — шен олахочун дог ойу цо.
14
ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.
15
Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.
16
Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама.
17
Иштта хьайн доттагӀчун цӀа эхар а лагӀде, хьо кӀорда а вайтина, цуьнан хьайга цабезам ца кхоллабалийтархьама.
18
Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.
19
Вон тӀедеанчу хенахь тешаме воцучунна тӀетовжар — лозуш йолу церг я астагӀа ког санна хир ду хьуна.
20
Баланехь волчу стагана ирсе эшарш лекхар цуьнгара шийлачу дийнахь тӀера бедар схьаяккхар санна ду, я чевнна тӀебутту туьхаберам санна ду.
21
Хьайн мостагӀа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь — хи ло:
22
иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа, ткъа Везачу Эло хьуна ял лур ю.
23
Къилбаседехьара схьахьоькхуш болчу мохо догӀанаш дахьаре терра, эладита дечун матто оьгӀазе хьежар дахьа.
24
Шерачу тхевнан цхьана сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.
25
Генарчу махкара болу хаза кхаъ хьогах волчу стагана шийла хи санна бу.
26
Даьржина хи санна я бехдина шовда санна ву Ӏесачу стагана хьалха къарлуш волу дика стаг.
27
Моз тӀех даар вон хӀума хиларе терра, нуьцкъаш шен сий дайтар сий хилар дац.
28
Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гӀала санна ву са ца тохалуш волу стаг.
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31