bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 31
Proverbs 31
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
1
ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш:
2
«Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!
3
Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь.
4
Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.
5
ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.
6
Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.
7
ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а.
8
Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.
9
Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».
10
А тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.
11
Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.
12
В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.
13
Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.
14
Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.
15
Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до.
16
З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.
17
И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.
18
К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.
19
Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.
20
М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.
21
Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.
22
О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.
23
П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.
24
Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.
25
С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.
26
Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.
27
У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.
28
«Х ьо декъалниг ю», — олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.
29
Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».
30
Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а — сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.
31
Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31