bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 14
Proverbs 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 15 →
1
Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо.
2
Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета.
3
Сонтачу стага бохург — шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво.
4
Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду.
5
Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту.
6
Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо.
7
Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна.
8
Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла — Ӏехор ю.
9
Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду.
10
Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац.
11
Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду.
12
Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.
13
Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу.
14
Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду.
15
Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу.
16
Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела.
17
Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза.
18
Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу.
19
Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду.
20
Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу.
21
Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву.
22
Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву.
23
Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу.
24
Хьекъале волчун таж — хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу.
25
Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво.
26
Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю.
27
Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво.
28
Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю.
29
Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту.
30
Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо.
31
Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву.
32
Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю.
33
Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту.
34
Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю.
35
Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31