bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 17
Proverbs 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 18 →
1
Карахь дакъаделлачу баьпкан дакъа а долуш, машарехь вахар гӀоле ду, хьолах дуьзначу цӀа чохь барт боьхна вехаш хиларал.
2
Хьекъал долчу ялхочо хьоладен харцахьарчу кӀантана тӀехь олалла дийр ду, ткъа олахо веллачул тӀаьхьа вежарийн санна долу дакъа кхочур ду цунна.
3
Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерчахь зело, ткъа адамийн дегнаш Везачу Эло зоь.
4
Вочу адамо зуламе къамелаш дӀалоцу, ткъа харц луьйш волчо кхечеран аьшпашка ладугӀу.
5
Мискачух белар дечо иза Кхоьллинарг ца лору. Вочу хӀуманах воккхавеш верг таӀзар ца деш вуьсур вац.
6
Баккхийчийн таж церан кӀентийн кӀентий бу, ткъа берийн сийлалла церан да-нана ду.
7
Сонтачуьнгахь кура къамелаш ца тов, ткъа баьччехь харцкъамелаш а ца тов муххале а.
8
Иза луш болчун бӀаьргашкахь кхаъ бозбунчин молха санна бу. Ша мел лелош волчун аьтто боккху цо.
9
Стагера даьлла долу гӀалат къайладоккхуш волчо безам лоьху, ткъа и гӀалат дагадоуьйтучо шен доттагӀа шена генавоккху.
10
Хьекъалечунна шега баьккхина бехк боккха хета, сонтачунна шена бӀозза тоьхна гӀаж хетачул а.
11
Вочу стага аьрхалла бен ца лоху, цундела къиза геланча воккхур ву цунна дуьхьал.
12
Стагана шен кӀорнех яьккхина йолу стен ча дуьхьал ялар гӀоле ду, шен сонталлица сонта стаг дуьхьал кхетарал.
13
Диканна дуьхьал вон дечу стеган хӀусамера вон цкъа а дӀадер дац.
14
Дов дӀадолор, хи чухьадар санна, хӀума ду. Иза кхин гена далале сацор гӀоле ду.
15
Ӏесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а — и ший хӀума а Везачу Элана дегаза хета.
16
Ӏовдалчу стагана ахча стенна оьшу? Хьекъалалле кхача цуьнан хьекъал а ма дац.
17
ДоттагӀчунна шен доттагӀа массо а хенахь веза. Ваша вон тӀедеанчу ханна вина ву.
18
Хьекъал доцучу стага бен кхечу стеган декхарх жоп луш куьг лоцур дац.
19
Къовсавалар дезаш волчунна къинош летор а деза. Ша лакхара дуьйцуш волчо лаха охьавожар лоьху.
20
Ямартчу дагна дика карор дац, харцлуьйш болу мотт воне кхочур бу.
21
Хьекъал доцу кӀант волу да сингаттаме хуьлу, Ӏовдалчун да цкъа а ирсе хир вац.
22
Ирсе хилар дарбане молха санна ду, ткъа сингаттам стаг вакъош йолу цамгар санна бу.
23
Ӏесачу стага четара кхаъ схьаоьцу, нийса еш йолу кхел харцахьа ерзорхьама.
24
Хьекъал долчу стага шен бӀаьргаш хьекъалалле берзабо, ткъа сонтачун бӀаьргаш маьӀ-маьӀӀе хьоьжуш хуьлу.
25
Сонта кӀант шен дена гӀайгӀа ю, иза шен нанна къаьхьалла а ю.
26
Бехк боцучу стагана гӀуда тохар а дика дац, иштта дикачу стагана серий деттар а нийса дац.
27
Хьекъал долчо ша олуш долу дош лардо, кхетам берг сиха оьгӀаз а ца воьду.
28
ХӀумма а ца олуш Ӏаш волу сонта стаг а хьекъал долуш санна хета тарло. Нахана хӀумма а ца олуш Ӏаш волу стаг хьекъале хета.
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31