bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 29
Proverbs 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 30 →
1
Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву.
2
Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.
3
Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо.
4
Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо.
5
Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу.
6
Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.
7
Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо.
8
Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо.
9
Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.
10
Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу.
11
Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу.
12
Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта.
13
Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву — цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла.
14
Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду.
15
ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.
16
Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду.
17
ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.
18
Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург.
19
Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до.
20
Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул.
21
Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву.
22
ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до.
23
Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду.
24
Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза.
25
Адамех кхерар — стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.
26
Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду.
27
Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша.
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31