bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 27
Proverbs 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 28 →
1
Кханалера де ма хестаде, хӀунда аьлча хьуна ца хаьа цо хӀун дахьа.
2
Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш.
3
ТӀулг беза бу, гӀум а яц яйн, амма сонтачу стага бахьа бала лан кхин а хала ду.
4
ОьгӀазалла къиза ю, дералла а хи тӀедалар санна ю, амма мила латталур ву хьегарна хьалха?
5
Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал.
6
Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю.
7
Вуьзначу стага моз а дӀатоттур ду, амма меца волчунна къаьхьаниг а мерза хетар ю.
8
Шен цӀенна генаваьлла волу стаг бенна генадаьлла лела олхазар санна ву.
9
ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар — иза доттагӀаллин марзо ю.
10
Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а.
11
Хьекъале хила, сан кӀант, сан дог доккха а дедеш, тӀаккха суна халахетийтиначаьрга ала хӀума хир ду сан.
12
Хьекъал долчо бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа боданера нах нийсса цунна тӀебоьлху, тӀаккха цунна тӀера жоьпе а озор бу уьш.
13
Хийрачу стагах адамо ша дош делча, цунах бедар яккха. Закъалтана йита иза, нехан зудчух цо жоп луш хилча.
14
Ӏуьйранна хьалххе доккхачу озаца уллорачуьнга маршалла хаттахь, иза цунна шена неӀалт кхайкхор санна хетар ду.
15
Къийсалуш йолу зуда кхоьлинчу дийнахь леда ладар санна ю.
16
Иза сацо гӀортар мох сацо гӀортар санна ду, я шен шина куьйга юкъахь даьтта сацо гӀортар санна ду.
17
Аьчка урс эчигна тӀе хьокхуш ирдаре терра, цхьана стага кхечу стеган аьрталла дӀайоккху.
18
Инжиран диттан дола деш волчо цуьнан стом буур бу, ткъа шен олахочун гӀуллакх деш волчун сий а хир ду.
19
Стаг хи чу хьаьжча, цунна шен сибат го, иштта адаман даго и стаг ма-варра схьагойту.
20
Эхарт а, хӀаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Ӏаьбна цахиларе терра, адаман бӀаьргаш а ца Ӏеба.
21
Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам.
22
Сонтаниг кохьар чохь кӀенца цхьаьна аьхьча а, цуьнан сонталла дӀаяккхалур яц.
23
Хьайн жашна дикка тӀехьажа, хьайн бажа леррина Ӏалашбе,
24
хӀунда аьлча хьал массо а хенахь ца лаьтта. Ур-атталла таж а массо а хенахь ца кхочу кхечу тӀаьхьенна дӀа.
25
Йол а хьаькхна, керла буц хьалайолучу хенахь, лаьмнашкарчу цанашна тӀера буц схьахьаькхначу хенахь,
26
Ӏахарех хьуна тӀеюху хӀума хир ю, ткъа гезарех — кхаш эцар хир ду.
27
Хьо а, хьан доьзал а кхаба а, иштта хьан гӀарбашаш дийна хилийта а тоъал гезарийн шура хир ю хьан.
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31