bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 23
Proverbs 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 24 →
1
Айхьа куьйгалхошца хӀума юучу хенахь, хьо хьаьнца хиъна Ӏаш ву диц ма де.
2
Дуккха а хӀума яа хьан лаам хилахь, хьайн логана дуьхьало хӀоттае.
3
Чам болчу цуьнан кхачанах хьоьгуш ма хила, хӀунда аьлча цо хьо Ӏехо мега.
4
Хьал долуш хилархьама, хьайн сих валлалц къа ма хьега. Болх сацо беза хан йовззал хьекъале хила.
5
Ахь хьайн бӀаьргаш хьоле дӀахьажошшехь, цуьнан дукха сиха тӀемаш а довлу, аьрзу санна, иза стигала хьала а доьду.
6
Саьхьарчу стеган шуьн тӀера яа хӀума ма яа, цуьнан мерзачу кхачанах вуьзна хила лууш ма хила,
7
хӀунда аьлча цуьнан са, догӀа а тоьхна, дӀакъевлина ду. Цо хьоьга: «Яа а яа, мала а мала» эр ду, амма цуьнан дог хьоьца дац.
8
Айхьа дӀакхаьллина цуьрг схьаӀеттор ду ахьа, ткъа ахьа аьлла мерза дешнаш а эрна хир ду хьан.
9
Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.
10
Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха,
11
хӀунда аьлча церан нуьцкъала ГӀодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гӀуллакх Цо къастор ду.
12
Хьайн дог хӀума Ӏамарна тӀе дерзаде, хьайн лергаш хаарш хаза схьаделла.
13
Бер таӀзар ца деш ма диталахь, цунна иза догӀучохь. ГӀаж еттарца цунна таӀзар дарх бер лийр дац.
14
Ахь сара беттарца берана таӀзар дахь, иза эхарте кхачарх кӀелхьардоккхур ду.
15
Сан кӀант, хьо даг чохь хьекъал долуш хилахь, со даггара ирс долуш хир ву.
16
Сан кийрахь мел дерг а синкъераме хир ду, хьоьгара суна догцӀена долу дешнаш хазахь.
17
Къа летош болчу нахах ма хьега, амма массо а ханна Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хила.
18
Хьан хиндерг-м хьуна хьалха билггал хир ду, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а дӀадер дац.
19
Ла а догӀа, сан кӀант, хьекъале а хила, хьайн дог нийсачу некъа тӀе а дерзаде.
20
ТӀехдаьккхина чагӀар муьйлучаьрца а, жижиг даар тӀехдоккхучаьрца а гергарло ма леладе,
21
хӀунда аьлча маларш муьйлучунна а, сутара гай долчунна а къоьлла тӀейогӀур ю, ткъа наб озоро царна тӀе тӀелхигаш юхур ю.
22
Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогӀалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а.
23
Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.
24
Хьаналчу стеган да чӀогӀа самукъадолуш хуьлу. Нагахь бераш хьекъалалла долуш делахь, да царах воккхавеш хуьлу.
25
Хьан дай-наний ирс долуш хуьлийла, хьан нана самукъадолуш хуьлийла.
26
Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна.
27
Нахаца лела зуда — бух боцу Ӏин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда — готта гӀу санна хуьлу хьуна.
28
Иза кӀело йина Ӏаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту.
29
Мила ву ахӀ-ухӀ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бӀаьргкӀелош Ӏаржйина? Хьенан бӀаьргаш ду, даьржина хи санна?
30
Уьш чагӀарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чӀогӀа маларш муьйлучеран ду.
31
ЧагӀар цӀен делахь а, цунах Ӏеха ма ло. Иза пхьегӀи чохь хаза ловзу, атта мала а ло.
32
Амма цул тӀаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дӀаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку.
33
Хьан бӀаьргашна хьалха хийра хӀуманаш хир ду, хьайн дагахь ахь кхетаме доцург дуьйцур ду.
34
Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду.
35
Ахьа эр ду: «Цара йиттира суна, амма суна зе ца дина, чӀогӀа йиттира, амма суна иза хаа а ца делира. Со маца самавер ву те? И малар аса кхин а лохур ду».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31