bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 30
Proverbs 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 31 →
1
ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш:
2
«Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со, соьгахь адамехь болу кхетам а бац.
3
Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац, Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац.
4
Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе? Хьуна хууш дуй иза?
5
Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту.
6
Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».
7
Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла.
8
Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа.
9
Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» — бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.
10
Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.
11
Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.
12
Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.
13
Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.
14
Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.
15
ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хӀума ду, цкъа а дузур доцуш, «Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хӀума ду:
16
Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догӀа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цӀе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу.
17
Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.
18
Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ:
19
стигалахь лелачу аьрзунан некъ, тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ, хӀорда тӀехула дӀадоьдучу хӀордкеманан некъ, иштта стеган йоӀе боьдучу безаман некъ.
20
Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».
21
Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:
22
паччахь хилла дӀахӀутту волу лай, муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,
23
хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда, иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.
24
Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю:
25
кӀезиг ницкъ болуш ду зингатий, амма цара аьхка дуьйна шайна кхача кечбо;
26
лаьмнийн дехкий, шаьш нуьцкъала дацахь а, цара херонашкахь шайна Ӏойла кечйо;
27
цӀазана тӀехь паччахь ца хуьлу, амма уьш нийсачу могӀаршкахь лела;
28
моьлкъа куьйгашца а схьалацало, амма иза паччахьан цӀа чохь а беха.
29
Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду:
30
лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хӀуманах ца кхоьруш долу а;
31
кура болар долу нӀаьна а, бож а, иштта шен эскарна коьртехь лелаш волу паччахь а.
32
Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде!
33
ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31