bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 5
Proverbs 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 6 →
1
Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме.
2
ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду.
3
Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу,
4
амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу.
5
Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу.
6
Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до.
7
Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала.
8
Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта,
9
хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а.
10
Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду.
11
Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду — хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа.
12
ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура!
13
Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура.
14
Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!»
15
Хьайн гӀу чуьра мала хи — хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи.
16
Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те?
17
И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш.
18
Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа.
19
Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим.
20
Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара?
21
Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо.
22
Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво.
23
Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31