bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 12
Proverbs 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 13 →
1
Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тӀехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву.
2
Дика стаг Везачу Эло ша декъалвар лохуш хуьлу, амма мекарчу стагана Цо кхел йийр ю.
3
Ӏесалло стаг чӀагӀвийр вац, амма Делан лаамехь волчун бух меттахбер бац.
4
Дика зуда шен майрачунна таж санна хуьлу, ткъа шен майра юьхьӀаьржачу хӀоттош ерг — цуьнан даьӀахкаш чохь телхина хӀума санна ю.
5
Дикачу нехан ойланаш нийса хуьлу, ткъа Ӏесачу нехан Ӏалашонаш ямарта хуьлу.
6
Ӏесачу наха бохург — цӀий Ӏано йина кӀело ю, ткъа бакъахьа лелачара олучо уьш кӀелхьарбоху.
7
Ӏесачу нахана тӀе бохам беанчул тӀаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цӀа чӀогӀа лаьттар ду.
8
Стеган хьекъале хьаьжжина, иза хаста а во, амма ямарта дог долу стаг нахана ца веза.
9
Дагахь хӀума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чӀогӀа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хӀума доцуш волчу стагал.
10
Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Ӏесачу нехан доглазам а къиза бу.
11
Шен лаьтта тӀехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хӀуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву.
12
Ӏеса стаг хьоьгург вонаш лелочеран хӀонс ю, ткъа дикачу нехан орамо стом ло.
13
Шен харцдешнашца вочу стага шена кӀело йо, ткъа дика стаг баланех кӀелхьарвер ву.
14
Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггӀу ял а лур ю цунна.
15
Сонтачу стагана шен некъ дика хета, ткъа хьекъал долчу стага кхечеран хьехамашка ладугӀу.
16
Сонтачу стеган оьгӀазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху.
17
Тешамечу тешо бакъдерг олу, амма харц луьйш волчу стага бохург бакъ дац.
18
Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до.
19
Бакъдолу дешнаш гуттаренна а хуьлу, ткъа харцдерг йоццачу ханна бен дац.
20
Вониг дан ойла ечеран дегнашкахь мекарло хуьлу, ткъа машар бан гӀерташ болчарна синкъерам хир бу.
21
Дикачу адамашна тӀе цхьа а бохам богӀур бац, ткъа Ӏеса нах вочу хӀуманех тӀехбуьзна хир бу.
22
Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву.
23
Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гӀерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху.
24
Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву.
25
Сингаттамо адаман дог таӀадо, ткъа дикачу дашо иза самукъане до.
26
Дикачу стагана шена уллорачунна чул дика хир ду, ткъа Ӏеса стаг тилаво шен некъо.
27
Малончо шен ижу ца йотту, ткъа дукха къахьоьгуш волчунна шен бахам беза бу.
28
Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31