bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 21
Proverbs 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 22 →
1
Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза.
2
Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву.
3
Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул.
4
Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а — Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду.
5
Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо.
6
Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду.
7
Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа.
8
Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу.
9
Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.
10
Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо.
11
Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду.
12
Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах.
13
Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.
14
Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху.
15
Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту.
16
Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву.
17
Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац.
18
Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу.
19
Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.
20
Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху.
21
Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.
22
Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало.
23
Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву.
24
Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг.
25
Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу.
26
Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало.
27
Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча — муххале а ца деза.
28
Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду.
29
Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо.
30
Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.
31
ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31