bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Proverbs 4
Proverbs 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 5 →
1
ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама,
2
хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш.
3
Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь,
4
сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха.
5
Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала.
6
Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна.
7
Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь — хьекъал каро гӀорта.
8
Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду.
9
Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду».
10
ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду.
11
Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо.
12
ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац.
13
Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса — цаьрца ду хьан дахар.
14
Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло.
15
Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала.
16
Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц.
17
Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу.
18
Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ.
19
Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна.
20
Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа.
21
Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш,
22
хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду.
23
Уггар а коьртаниг — хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду.
24
Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта.
25
Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла.
26
Хьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду.
27
Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31