bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 1
2 Chronicles 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 2 →
1
Даудан кӀентан Сулиман шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дар чӀагӀлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.
2
Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а.
3
Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара.
4
Делан бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀарим-гӀалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина.
5
Ткъа Хьорин кӀентан Урин кӀанта Бацалиала бина сагӀа доккху цӀестан кхерч цигахь, ГавӀонерачу гу тӀехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира.
6
ТӀаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цӀестан кхерча тӀе а кхаьчна, цунна тӀехь эзар дийнат а дагош, сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо.
7
Цу буьйсанна Сулимна гӀенахь Дела дуьхьалхӀоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».
8
Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хӀоттийна.
9
Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чӀагӀо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тӀехь, Ахьа, со паччахь а вина, дӀахӀоттийна дела,
10
лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хӀокху халкъана тӀехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хӀунда аьлча хьаьнга далур ду хӀокху Хьан дуккха а долчу халкъана тӀехь урхалла?»
11
Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хӀоттийначу Сан халкъана тӀехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна,
12
лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тӀаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».
13
ТӀаккха Сулим-паччахь ГавӀонерачу гу тӀехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.
14
Сулим-паччахьо гӀудалкхаш а, дой а гулдира. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бӀе гӀудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара. Цо уьш гӀудалкхаш дӀахӀоттош йолчу гӀаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дӀатарйира.
15
Детин а, дешин а барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
16
Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.
17
Мисар-махкара ялочу гӀудалкхан мах ялх бӀе дато шекхал бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36