bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 5
2 Chronicles 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 6 →
1
Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.
2
ТӀаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тӀекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама.
3
Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.
4
Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тӀорказ схьаийцира.
5
Бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а.
6
Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тӀорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора.
7
Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а деана, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел, охьадиллира.
8
Оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан схьалоцу гӀуркхаш а цара дӀахьулдора.
9
И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю.
10
Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.
11
Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цӀанбинера.
12
Зурманчаш болу берриге а левихой — Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а — тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш.
13
Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира.
14
И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гӀуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цӀа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36