bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 4
2 Chronicles 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 5 →
1
Иштта Сулим-паччахьо сагӀа даккха лерина болу цӀестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара.
2
Лалийначу цӀастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кӀорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара.
3
ЦӀастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кӀел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггӀара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра.
4
И яй цӀастанах бинчу шийтта старана тӀехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тӀехьенаш ена кӀел, юккъехьа, ерзийна яра.
5
Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дӀаделладеллачу петӀамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура.
6
Иштта цӀестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀоттаяйтира, цу чохь дагоран сагӀина деана дийнатийн дакъош цӀандархьама. Ткъа цӀестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цӀанбалархьама.
7
Хила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цӀа чу биллийтира: пхиъ — къилбехьа агӀор, важа пхиъ — къилбаседехьа агӀор.
8
Далла лерина долу бепиг тӀедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цӀа чохь пхиъ къилбехьа агӀор, важа пхиъ къилбаседехьа агӀор дӀахӀиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бӀе кад а байтира.
9
Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш.
10
Чохь хи долу и боккха цӀестан яй Везачу Элан цӀийнан къилба-малхбалехьара агӀор дӀахӀоттабайтинера Сулима.
11
Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цӀа чохь ша беш болу белхаш:
12
ши бӀогӀам а, царна гонах таьжнийн ши го а, оцу таьжнийн суьрташ тӀедехкина долчу бӀогӀамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13
Оцу бойнан шина суьрта тӀе билла биъ бӀе цӀестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могӀарехь оцу бӀогӀамашна тӀе дехкинчу таьжнашна тӀерачу бойнийн суьрташ тӀе дехкира.
14
КӀелхӀотторгаш а, царна тӀеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15
цӀестан боккха яй, цунна бухара шийтта цӀестан сту а,
16
тесаш, белаш, мӀерий, церан массо а кхиболу гӀирс а бира цо. Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхӀус Везачу Элан цӀенна мел йина хӀума а заьнгала динчу цӀастанах йинера.
17
И ерриг а хӀума Йордан-хин тогӀи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦӀардан а олучу меттигашна юккъехь.
18
И хӀуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цӀастанан барам буста а ца лора.
19
Иштта Делан цӀа чохь оьшур йолу массо а хӀума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тӀедуьллу стоьлаш а,
20
церан къуьданашца болу а, цӀеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тӀедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора),
21
зезагийн суьрташ а, чӀурам хӀотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хӀума а цӀеначу деших йинера),
22
цӀеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кӀора дӀасабахьа нойш а. Делан цӀийнан неӀарш (уггар езачу чоьнан чуьра неӀарш а, Делан цӀийнан важа неӀарш а) деших йинера.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36