bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 15
2 Chronicles 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 16 →
1
Ӏудадан кӀантана Ӏазар-ЯхӀуна тӀе Делан Са доьссира.
2
Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду.
3
Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой.
4
Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тӀебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура.
5
Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хӀунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара.
6
Халкъаш вовшашна тӀелетара, гӀаланаш вовшашна тӀегӀертара, хӀунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тӀе а бахкийтина, адамаш гӀайгӀане хьийзара.
7
Амма шу чӀагӀ а лойла, шун куьйгаш гӀел а ма лойла, хӀунда аьлча аша динчу гӀуллакхашна ял лур ю шуна».
8
И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.
9
Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира.
10
Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира.
11
Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь.
12
Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара.
13
Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь.
14
Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара.
15
Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
16
Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.
17
Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса.
18
Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.
19
Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36