bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 8
2 Chronicles 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 9 →
1
Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа а, шен паччахьан цӀа а дечу юкъана ткъа шо дӀаделира.
2
Цул тӀаьхьа шена Хьирама елла гӀаланаш а юхаметтахӀиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима.
3
ТӀаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дӀалецира цо.
4
Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гӀала а, тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гӀаланаш а дӀахӀиттийра Сулима Хьамат-махкахь.
5
Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу чӀагӀйина гӀаланаш дӀахӀиттийра Сулима, гонах пенаш а, дӀакъовлуш долу кевнаш а деш.
6
Иштта, юхаметтахӀоттийра цо БаӀалт-гӀала а, шен долахь йолу тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гӀаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
7
Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а,
8
тӀаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу.
9
Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара.
10
Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна ши бӀе шовзткъе итт стаг хилла.
11
Ткъа пирӀунан йоӀ, Даудан гӀалара дӀа а яьккхина, цунна ша динчу цӀа чу яьккхира Сулима. ХӀунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цӀа чохь сан зудчун соьца Ӏан йиш яц, Везачу Элан тӀорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела».
12
Везачу Элан цӀенна хьалха сагӀа даккха ша дӀахӀоттийначу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Сулима.
13
Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а.
14
Шен дас Дауда тӀе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дӀахӀиттийнера шен-шен рогӀехь гӀуллакх дан. Иштта левихой а дӀахӀиттийнера цо, хастамаш барна тӀехь куьйгалла дан а, хӀора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гӀо дан а. ХӀора кевнехь дӀахӀиттийна гӀаролхой хилла, шен-шен рожехь гӀарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.
15
Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тӀедиллинчу цхьанна а хӀуманна тӀехь а, хазнашна дола дарна тӀехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара.
16
Сулим-паччахьан берриге а белхаш — Везачу Элан цӀийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц — кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цӀа.
17
ТӀаккха Ӏецйон-ГӀебаррий, Элаттий гӀаланашка вахара Сулим. И гӀаланаш хӀордан йистерачу эдомхойн махкахь яра.
18
Шен ялхошкахула хӀордкеманаш а, хӀордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бӀе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36