bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 3
2 Chronicles 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 4 →
1
Ярушалаймерчу Мори-лам тӀехь Везачу Элан цӀа дан долийра Сулима. Оцу лома тӀехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхӀоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг.
2
Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгӀачу шеран шолгӀачу беттан шолгӀачу дийнахь.
3
Сулима деш долчу Делан цӀийнан бух иштта бара: бахалла — кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла — ткъа дол.
4
ЦӀийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бӀе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цӀена деши диллина йинера.
5
ГӀишлон коьрта цӀа баганан дечигах дина дара, тӀехула деши а дуьллуш. Цу дешин тӀехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зӀенийн а суьрташ дехкира.
6
ТӀаккха, куц а доккхуш, тӀехула деза тӀулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара.
7
ЦӀенна а, цуьнан ханнашна а, неӀсагӀанашна а, пенашна а, корашна а, неӀаршна а тӀехула деши диллира, ткъа пенаш тӀехь каруб-маликийн суьрташ дехкира.
8
Везачу Элан цӀа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цӀа чу дахара цхьа эзар ши бӀе пунт деши.
9
Хьостамий а динера, хӀора хьостам шовзткъе итт шекхал деших а беш. Иштта лакха тӀехь йолчу чоьнашна а деши диллира.
10
Везачу Элан цӀийнан уггаре а дезачу цӀа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тӀе деши а дуьллуьйтуш.
11
Каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тӀам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тӀам вукху каруб-маликан тӀомах хьакхалора.
12
Оццу барамехь болу шолгӀачу каруб-маликан цхьа тӀам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тӀемаш цӀенна юккъехь вовшахкхетара.
13
Оцу каруб-маликийн беа тӀоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тӀехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цӀийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тӀе ерзийна яра.
14
Иштта сийначу а, таьӀна-цӀечу а, цӀарула-цӀечу а басахь долчу кӀадих а, дуткъачу кӀадих а кирхьа дайтира цо, цу тӀехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш.
15
Везачу Элан цӀенна хьалха цӀестан ши бӀогӀам дӀахӀоттабайтира паччахьо. ХӀора бӀогӀаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бӀогӀаман буьххье дилла цӀастанах ши таж доьттира. Церан хӀораннан а лакхалла пхиппа дол яра.
16
Юьйцина зӀенаш а яйтира цо, уьш шина бӀогӀамна тӀе а йохкуьйтуш. Царна тӀе, куц а доккхуш, наран цхьа бӀе стоьман сурт диллийтира.
17
ТӀаккха и бӀогӀамаш Везачу Элан цӀенна хьалха дӀахӀиттабайтира: цхьа бӀогӀам аьтту агӀор, важа аьрру агӀор. Аьтту агӀор дӀахӀоттийначунна, «Якин» аьлла, цӀе тиллира (иза «Дала дӀахӀоттор» бохучух тера ду). Аьрру агӀор дӀахӀоттийначух «БоӀаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36