bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 2
2 Chronicles 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 3 →
1
Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа а, шена лерина долу паччахьан цӀа а дан сацам бира Сулима.
2
Деза кира лелош волу кхузткъе итт эзар стаг а, лаьмнашкахь тӀулг схьабоккхуш волу везткъа эзар стаг а, царна тӀехьожуш волу кхо эзар ялх бӀе хьаькам а вара цуьнан.
3
Цора-гӀаларчу паччахьна Хьирамана тӀе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дӀаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Ӏан паччахьан цӀа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гӀуллакх дина ма-хиллара, суна а гӀо дехьа.
4
Аса хӀинца сайн Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дан долош ду. И цӀа аса дӀакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дӀахӀиттадайтархьама а, хӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагӀанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тӀедиллинера Дала Исраилан халкъана.
5
Аса ден долу цӀа доккха хир ду, хӀунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву.
6
Иза-х стигалшна — ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цӀа дан? Со мила вара, Цо Шен цӀа дан пурба суна даллал? И цӀа — Цунна лерина сагӀа доккху меттиг бен хир ма яц!
7
Ткъа хӀинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а хӀуманаш ян а хууш, иштта таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех хӀуманаш ян хууш а, хадорца хӀуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайм-гӀалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо.
8
Баганан а, зоьзан а дечиг а, Ливанун-махкара цӀен дечиг а даийтахьара ахьа, хӀунда аьлча суна хаьа, хьан белхалой Ливанун-хьун хьакха говзалла йолуш буйла. Сан белхалоша хьайчаьрца цхьаьна болх бийр бара,
9
кеч а дина, алссам дечиг суна охьадиллийтархьама. ХӀунда аьлча аса деш долу цӀа доккха а, исбаьхьа а ду.
10
Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бӀе эзар гали кӀа а, бӀе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагӀар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а».
11
Цора-гӀалин паччахьо Хьирама, Сулиме жоп а луш, кехат яздира. Цо бохура: «Шен халкъе болчу безамна Везачу Эло цунна тӀехь хьо паччахь дӀахӀоттийна».
12
Хьирама кхин а элира: «Декъала ву стигала а, латта а кхоьллина волу Исраилан Дела волу Веза Эла! Везачу Элана лерина цӀа а, шена паччахьан цӀа а дан воллуш волу, хаарш а, кхетам а болуш волу хьекъале кӀант Дауд-паччахьна веллера Цо.
13
Хьекъал а долуш, говза стаг волу Хьирам-Аби-ЯхӀу воуьйту аса хьо волчу.
14
Иза Данан тӀаьхьенах йолчу зудчун кӀант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цӀастанах а, эчигах а, тӀулгах а, дечигах а, таьӀна цӀечу а, цӀарула-цӀечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кӀадих а хӀуманаш ян а, хадорца хӀуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гӀуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тӀедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна.
15
Ткъа хӀинца, сан олахо, айхьа доуьйтур ду аьлла кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, чагӀар а даийтахьа хьайн ялхой долчу тхуна.
16
Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хӀордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гӀала дӀакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дӀахьур ду».
17
Шен дас Дауда доьзалийн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀе тӀаьхьа Исраилан махка цу хенахь тӀебаьхкина хилла болу берриг а нах дӀаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бӀе шовзткъе кхойтта эзар ялх бӀе стаг вара.
18
Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тӀулг баккхархо а, и халкъ балхана тӀедерзадайта кхо эзар ялх бӀе тӀехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36