bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 23
2 Chronicles 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 24 →
1
Ӏатал-ЯхӀус паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, динан да волу ЯхӀу-ЯдаӀ, чӀагӀ а велла, тӀеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кӀант Ӏазар-ЯхӀу, ЯхӀу-Хьанин кӀант ИсмаьӀал, Ӏабадин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Ӏади-ЯхӀун кӀант МаӀсей-ЯхӀу, Зикрин кӀант Эли-Шапти.
2
Берриге а ЯхӀуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхӀудхойн гӀаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дӀа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.
3
Схьагулбеллачу массара а Делан цӀа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тӀаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кӀант паччахь хила веза.
4
Ткъа аша хӀара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дан богӀуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гӀаролхой хир бу,
5
шолгӀа дакъа — паччахьан цӀахь, кхоалгӀа дакъа — Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь хир ду.
6
Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза.
7
Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агӀор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цӀа чу вала мел гӀертарг вийна дӀаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».
8
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхӀудхоша а. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а гӀаролхой шаьш долчу схьагулбира, хӀунда аьлча динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа хийцабелла гӀаролхой дӀа ца бахийтира.
9
Делан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира.
10
Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дӀахӀоттийра динан дас — Делан цӀенна къилберачу агӀонна тӀера къилбаседерачу агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цӀенна уллохь а.
11
ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнан кӀенташа а, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза, паччахь дӀахӀотто, даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», — бохуш.
12
Паччахьна хастамаш а беш, дедда догӀучу халкъан аьзнаш шена хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу нахана тӀеяхара.
13
ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.
14
Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болу гӀаролхой тӀе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».
15
Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.
16
ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама.
17
Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.
18
ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна тӀехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дӀахӀоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара дӀахӀиттийнера, Дауда тӀе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягорхьама.
19
Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цӀена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цӀийнан кевнашка гӀаролхой дӀахӀиттийра ЯхӀу-ЯдаӀа.
20
Динан дас, шеца тӀеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тӀехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера дӀавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цӀа а вигина, паччахьан гӀанта тӀе охьахаийра.
21
Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гӀала синтеме яра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу, тур а тоьхна, йийнера.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36