bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 25
2 Chronicles 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 26 →
1
Амци-ЯхӀун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра.
2
Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза.
3
Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира.
4
Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».
5
Амци-ЯхӀус, яхӀудхой схьа а гулбина, ЯхӀуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бӀеннийн а куьйгалхойн кара дӀабелира. ТӀаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бӀе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тӀемалой карийра цунна.
6
Исраилхошна юкъара, ши бӀе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бӀе эзар тӀемало а лецира Амци-ЯхӀус.
7
Эццахь Амци-ЯхӀу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хӀунда аьлча оцу Эпрайман кӀентий болчу исраилхошца Веза Эла вац.
8
Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тӀом бахь а, Дала хьан мостагӀашна хьалха вожор ву хьо, хӀунда аьлча Делехь бу хьуна гӀо дан а, хьо вожо а ницкъ».
9
Амци-ЯхӀус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бӀе пунт детих хӀун дан деза аса?» Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а».
10
Амци-ЯхӀус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дӀакъастийра, иза шен цӀа дӀадахийтархьама. ТӀаккха, яхӀудхошна чӀогӀа оьгӀаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цӀа дӀабахара.
11
Ткъа Амци-ЯхӀус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогӀи олучу метте дигира. Цигахь СеӀир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хӀаллаквира цо.
12
Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тӀера чукхиссира яхӀудхоша. Берриш а, атабелла, дӀабевлира уьш.
13
Ткъа Амци-ЯхӀус, шеца тӀаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхӀуд-махкахь Шамран-гӀалара дуьйна Байт-Хьорон-гӀалина тӀекхаччалц йолу меттигаш яссийна дӀаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хӀонс дӀаяьхьира цара.
14
Эдомхошна тӀехь толам а баьккхина, Амци-ЯхӀус СеӀир-лаьмнийн бахархойн цӀу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дӀахӀиттийра. Цо царна Ӏибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
15
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Амци-ЯхӀуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тӀе. Пайхамаро Амци-ЯхӀуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кӀелара дӀа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хӀунда волу те хьо?»
16
Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хӀоттийна? ДӀасаца, хьо ца вейтархьама». Пайхамаро, дӀа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гӀуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догӀарна а Дала хьо вен сацам бинийла».
17
ЯхӀудхойн паччахьо Амци-ЯхӀус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира, иштта дӀаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ».
18
Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна.
19
Ахьа боху: „Аса эдомхошна тӀехь толам баьккхина“. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».
20
Амма Амци-ЯхӀус шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, хӀунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхӀуашан кара дӀабалархьама.
21
ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира.
22
Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира.
23
Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, иза Ярушалайме дӀа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.
24
Делан цӀа чуьра Ӏабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегӀаш дӀаяьхьира ЯхӀуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хӀуманаш а дӀа а хьош, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.
25
ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира.
26
Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
27
Амци-ЯхӀу Везачу Элах дӀавирзинчул тӀаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра.
28
Амци-ЯхӀун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дӀабоьхкинчу ЯхӀуд-мехкан коьртачу гӀалахь дӀадоьллира.
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36