bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 34
2 Chronicles 34
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 35 →
1
Юши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира.
2
Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тӀехь лелла Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.
3
Паччахьалла деш долу борхӀалгӀа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхӀу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а цӀанйира цо цигахь хиллачу халкъо Ӏибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гӀуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цӀуйх а.
4
БаӀал-деланашна лерина йолу сагӀа доккху меттигаш а, царна тӀехула хӀиттийна хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бӀогӀамаш а, кхиболу цӀуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цӀушна сагӀа даьккхинчеран къуббанаш тӀехула дӀасаяржийра цо.
5
Харц динан дайн даьӀахкаш церан сагӀа доккху меттигашкахь яга а йина, цӀанбира Юши-ЯхӀус ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а.
6
Изза дира Юши-ЯхӀус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимӀа-мехкан а гӀаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тӀекхаччалц.
7
Берриг а Исраил-махкахула йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дохийна дӀадехира, цӀуйх а чан йира, хаза хьожа йогӀу хӀума яго гӀирсаш а бохийра Юши-ЯхӀус. ТӀаккха иза Ярушалайме юхавирзира.
8
Ша паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цӀа а ша цӀандечу хенахь Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани а, гӀалин хьаькам МаӀсей-ЯхӀу а, йозанча волу Юахьазан кӀант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхӀус шен Везачу Делан цӀа тодан.
9
Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а бахана, Делан цӀенна деана долу ахча дӀаделира цуьнга. Делан цӀийнан кевнехь гӀарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера.
10
И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьожучу нехан кара дӀаделира. Ткъа цара Везачу Элан цӀа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дӀадоькъура и ахча.
11
Дечиган пхьерашка а, гӀишло ечаьрга а дӀаделира цара ахча, яхӀудхойн паччахьо талхийтинчу гӀишлошна оьшу хьаькхна тӀулг а, бӀогӀамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама.
12
Балха тӀехь тешаме бара и нах. Царна тӀехьожуш дӀахӀиттийна бара Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а. Мерарин тӀаьхьенах болу левихой Яхьат а, Ӏабди-ЯхӀу а, иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу Закри-ЯхӀу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара.
13
Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тӀехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тӀехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тӀехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гӀарол дийраш а.
14
Цара Везачу Элан цӀа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тӀехь болу тептар.
15
ТӀаккха Хьалкхи-ЯхӀус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цӀа чохь». И тептар Шапанига дӀаделира Хьалкхи-ЯхӀус.
16
Шапанис и тептар паччахьна тӀедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тӀедиллинарг цара дерриг а кхочушдо.
17
Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дӀаделла», — аьлла.
18
Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга», — аьлла. Иза паччахьна хьалха дӀадийшира цо.
19
Товрат-хьехамийн дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедарш этӀийра.
20
ТӀаккха динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а, тӀе а дуьллуш, цо элира:
21
«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхӀудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, хӀунда аьлча хӀокху тептаран дешнашка ладоьгӀна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тӀехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».
22
Динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, паччахьо дӀахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гӀуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца.
23
Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀе хьажийначу стаге хӀара дӀаала:
24
‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тӀебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тӀехь кхочушхир ду яхӀудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тӀехь долу дерриге а неӀалташ›’.
25
Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дар а веш, Сан оьгӀазло кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу летта алу санна, хир ю.
26
Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна:
27
‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дӀахезна, — боху Везачу Эло. —
28
И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дӀавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Ас кху меттигна тӀебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“». Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.
29
Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира.
30
Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀе кхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тӀера дерриг а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дӀа а хозуьйтуш.
31
БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира — цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а.
32
Шаьш и барт тӀеоьцуш паччахьо чӀагӀо яр тӀедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира.
33
Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цӀуш дӀабехира Юши-ЯхӀус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тӀедиллира цо шайн Везачу Далла Ӏамалъяр. Юши-ЯхӀу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тӀаьхьахӀиттинчуьра дӀа ца бевлира уьш.
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 35 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36