bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
2 Chronicles 35
2 Chronicles 35
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 36 →
1
Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира.
2
Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна.
3
Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша.
4
Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта.
5
Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае.
6
Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе».
7
Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера.
8
Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо.
9
Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.
10
Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира.
11
Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура.
12
Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а.
13
Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира.
14
Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург.
15
Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара.
16
Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а.
17
Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара.
18
Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара.
19
Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де.
20
Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира.
21
Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама».
22
Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь.
23
Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла».
24
ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна.
25
Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
26
Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна — Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна,
27
дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц — яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 36 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36